Эххар а кӏотархойн беха могӏна йуьхьиг шена кхин хӏума а ца гича санна бердах чухьаьвзинчу некъах чубуьйлабелира. Бисина кӏотархоӏн могӏа а текъарган деха дегӏ санна тӏехьагӏоьртира. ӏандаркъин-м хьекъал тоьира шен кӏайн вирана тӏехьа валан. Амма корта къевлабаларх, ӏаьржа хьийзина чоьшна йуккъера, виран когашна йуккъаша кӏайн лепа, настарш-м шаьш гучуйуьйлура. Баккхийра кӏоратхой-м шайна ца гун кеп хӏоттош дӏабоьрура, амма кегийн берийн иза дан хьекъал ца тоьура:
— Довлет! – ша санна жимчу кӏантан белш хьайеш, гойтура пхи-йалх шо хир долчу вордана чохь шеца ӏаш волчу кӏанте.
— Хӏу йоха ахь? – ламаройн ӏедалехь хоьттура Довлета.
Виран когашна тӏехьара мужгийн эткаш чохь лепаш гинчу настарех гӏадвагӏна воьлура ши кӏант.
Бердах чубуьссучу кӏотархоӏн могӏана тӏехььара цӏога къевладаьллий-даланза ду аьлла хеташ ӏандаркъас катуьйхира, виран букътӏехь малхо дикка йакъийначу шен хечех. Хӏинцачул тӏаьхьа буьйсана дӏавуьжуш а тӏера хеча ӏоккхура йолчух тера дацара, цуьнан охкаделла кхекхан куйна чоьшна йуккъера цӏеххьана къаьрзина, ши кӏоран тӏулг санна, ӏаьржа бӏаьргаш гича. Кхин эхьен хӏуманах Дала ларвеш дӏакхечира ӏандаркъа базар хуьлучу хинйисттехь аьрру агӏора йахйелла ӏуьллучу йуьрта. Оцу йуьртан йохалла йукъехь хӏоьттинчу базара дӏакхаччалца дуьхьала вогӏуш цхьаъ нисвелча сихха шена лаха охьахожура къонах, ша билггал тӏейуьйхиний техьа шен хеча, олий. Хеча хӏинца-м шен меттехь йара. Кестта базара а кхечира къонах. Базар-м кестта дӏайохан бӏарзйелла, гӏаж тоьхна зӏугийн бен санна карзахъйаьллера. Делкъахан тӏехиккхина хиларан билгало йара иза. Делахь а, оццул генара охьавеъна ӏандаркъа а вацара кхин вухувалан дагахь. Шен кӏайн виран йуьхь а лаьцна тӏаьхьий, хьалхий дикка дог ӏаббош лийлира и шиъ, базар йоьхна чекхйаьллалца. Миска кӏайн вир а дӏадоьллачух тера дара базарах, иза а йара ӏандаркъас хьожуш корта берзийна, йухкуш йолчу хӏумане шен олладелла деха ши лерг а дерзош, шен дена тӏехьахӏоьттина лелаш.