Нохчийн на́нас къонах винчу дийнахь
Пхьеро дечиг-пондар бина, бо́ху.
Некхан шуьрца илли дуьллуш кийра,
На́нас цуьнга и кховдийна, бо́ху.
Бо́ху, бекна пондар, дуьне декош,
Белабелла, дуьне де́ладеш.
Бо́ху, декна илли, кӏиллой бегош
Къонахчуьнан кийра ба́габеш.
Бо́ху иза махко, халкъо бо́ху,
Хьа́нал болх беш, маьрша латта о́хуш:
Хӏокху лаьттахь, йе́хаш мел йу на́на,
Хӏаллакъхила йиш йац дуьне хӏара!
Хӏокху лаьттахь къуьйсуш мел ву къонах,
Хӏара дуьне эшор ма дац воно!
Хӏокху лаьттахь декаш мел ду илли,
Кху дуьненан дай хир ма бац кӏиллой!
Бо́ху иза махко, халкъо бо́ху,
Да́с ше́н кӏанте дуьйцуш карладо́ху...