(Тхан ден ӏумарсолтан дийцар)
Набарна тоам хилла, севсина, стамбелла, чомехь цӏен бос эцна бара йурт кхачалучуьра лам тӏехьара схьагучубала гӏерташ болу ӏуьйранан малх. Тӏехула дуткъа шах чкъор лацаделла селхана дашадоладелла хилла шура санна кӏайн лепаш долу ло бӏаьрг ӏехабеш къегахь а, ӏуьйре шелйеш, хебйеш, эгайеш дара. Оцу шелонах а чукхоассайалан кечйелча санна гульеллачу мокхаза мархех а къехкаш-м бац техьа иза малх гучубаьлла ца болуш, - аьлла хетара, малхана сих ца баларе хьажича.
Лаьмнашна кога бухахь ӏуьллуш санна, хьаннех доьттина долу баьрзаш, деккъаш дуьйлалучохь хебина йуьллучу керла йиллина нохчийн йуьртахь маьӏ-маьӏӏехь йекара боргӏалаш. Ца даьлла шайн декхар кхочушдан гӏертара жӏаьлеш а, тайп-тайпана «гӏалх-гӏилх» хезира, гӏийала пешийн туьнталгахула кӏура хьалаоьхучу цӏенойн керташкахь.
Йурт дӏатарьеллера жима делахь а маса хьаьдда догӏучу хина аьтто агӏора гунехьа хьалахьаьддачу бердана тӏехь. Кӏаӏн кирийца «лап!» аьлла серладаьхна лохочу цӏеноӏн пенаша бӏаьрге садоӏийтуш самукъадоккхура. Кест-кестта кхайкхаза кхочуш болчу «хьешашца» тӏемаш дан ӏеминчу нохчаша кхин башха тӏехьалона олий ца йора гӏишлош. Амма зударша кирийца хаза къагайой куц-кепе даладора цӏено. Цӏенош шадеригаш а цхьатерра хьулделлера йа латта тесина, йа шачча, эрз тиллина тхевнашна бухахь. Амма йуьртана чувоьлчий бен ца къаьсташ делахь а мелла а кхечарел айделла дара йуьртана лакха йистехь цхьа цӏено. Массеран а керташ бӏаьлланган серех йуьйцина йина йара. Кевнаш а дара массера а шолха сараг а буцуш хаздинчу зӏаранех лаьтташ. Амма кхечарах къаьсташ долу цӏено кевнаца а дара шен чомехь дина. Ков-керт а нисдеш шардинчу аннех вовшахатоьхна дара.
Малх гӏаьттина, айбелла серлонан зӏаьнарш йаламна кхийдон баьлча, аннех дина лохо ков «з-за-къ!» аьлла цӏевзаш дӏасаделладелира. Кевна ши дакъа мохе ца кхарстийта уьш чӏагӏдеш царна дуьхьала цхьацца горга тӏулг а биллина хьалатаьӏира лекхочу дегӏахь волу кхузткъа сов шо хира долуш цхьа воккха стаг. Къежалло кӏайн йина йуьхь шайериг бохург санна хьулйеш тӏеозийна ӏаьржа суркуй цхьана балано совсийна корта къовлуш тиллина хетара. Суркуйнал совнаха гӏовтал а лепачу дарех йина коч.
Суркуйнал совнаха гӏовтал а, лепачу дарех йина коч а ӏаьржачу басахь йара. Детица кхелина шаьлтий, цӏеххьана оьгӏазло йеш санна къарзийна йуха дӏабайина ши бӏаьрг, кхожан маж бен сирла хӏума дацара воккхачу стагана тӏехь. Техьахьаьжича шен хенал жима хеташ велахь а гӏайгӏано таӏийначу коьрто, хьовзийначу букъой волучулла а къена хетийтура иза. Гӏайгӏане хилича а бехк а бацара воккхачу стеган – малх гӏоттуш доьллаш долу ков цхьана бахьанен бен деллан оьшуш дацара. И бахьана дара – тезет!
Тахана кхоалгӏа ӏуьйре йара воккхачу стага тӏелъигас хӏара ков схьадоьллу тӏулгех гӏортангаш а йеш. Соцунгӏа а хилла оӏлане хьажира Тӏелхаг хаза нисдеш аннех дина кевне, тӏаккха кетӏахула а кертах а шорделла, стамделла ирахдаханчу таьллашка, кхор-ӏеже, доккхачу комарийн дитте. Цхьаъ бен воцу кӏант Адам когбаккха волвлауш Тӏелхагас доьгӏна дара оцу диттий синтараш. Адамица цхьана айлуш, стамлуш схьадаьхкинера дитташ а.
Бера-кера хӏума ца хуьлуш дикка хан технера Тӏелхагас шен хӏусамненаца Бикатуца. Амма Делан къинхетам хьалха а баьлла кӏант Адам хилира кхеран хӏусамехь. Куьйг сацор хӏун ду ца хууш къахьгура хан тӏехиккхина волчу Тӏелхигас. Йуьртахь цхьаннийн а доцучу кепара доккха цӏено а, йуххехула тӏехбовлучу наха «эххӏай, ма хаза ду-кх!» - луш аннех дина ков-керт а дӏахӏоттийра цо. Адам а вара чӏогӏа куц-кеп долуш, безамеьа кхиина жима стаг. Шен дена а тӏехула хьоьжуш зоьртала дегӏе ваьллера кӏант, Тӏелхигас цхьана хӏуманах коьруш санна сихвелла Адамна нускал далош. йерриген а йурт йекош, самукъане ловзар хӏоьттинера хӏокху, хӏинца сингаттамен байлахь йисина лаьттачу кертахь Ма йоккха, йеза йу-кх хьо Делан къайле! Нускал далийна ах шо а далале ден а бахьана доцуш шина-кхаа дийнахь цомгуш а ӏиллина кхелхира ден цхьаъ бен воцу жима стаг Адам. Жима зуда Зараъ ӏадийча санна йисинера, хӏинц-хӏинца бераха кхетта йазйелла йара иза. Нана Бикату-м цӏеххьана къанйелла тишйелла дӏайаьллера. Нахаца леладан дезаш долу гӏиллакх бахьана лелара нус а, нана а тӏаьххьара ницкъа гулбина ӏиндагӏаш санна.
«Эш-шша-хӏ!» - аьлла шен дукъделла са паргӏата доккхуш халла къурд а бина кертахьа дӏаволавелира Тӏелхаг.
Нахачулла а эимма айдеш шуьйра динчу рагӏу кӏелахь моггара лаьтташ деха дийнна аннех дина гӏанташ дара, царнна тӏетесина кузаш а, палсаш а дара. Тезетана сингаттамен дог ӏовжош бина кечам бара иза.
ӏуьйренан ламаз дина а, данза керта гулллуш бара тайпана хьалхара а лула-кулара а баккхийн нах. Корта некхе а божийна рагӏун бухухь лаьттачу Тӏелхигана улле гӏоьртича нисдина дегӏ ца саттош корта охьа а бохийтий, ши куьйг доӏана йуьхьана хьалха а лоций дӏахӏуттура тӏебогӏу нах.
Дукха хан йалале рагӏун бухара гӏанташна тӏехь шен-шен метте дӏанисбелира баккхий нах а. Рагӏуна дехьа-сехьа хӏиттина а, тезетана оьшучунна хьадалчаш хилла кертахь кегийрхой бара. Кегирхоша наггахьа вовшен олуш долу дош таьӏӏина шабарца дара. Лулахой а, гергара а зударий бара дукха билхина, наб ца йарна а йистина йаххьаш ӏаьржа, мокхан йовлакхашца къуьйлуш цӏенон чохь хӏинцале а йоьлхуш, тийжаш.
Ишттачу меттехь кегирхой ӏаморан хабарна тӏера хуьлуш болу баккхийн нах а бара хӏинца а хиллачух инзаре бевлла кортош а охкийна рагӏун бухахь латийначу цӏаре а хьоьжуш доӏанца шайн ойланашка бирзина. Тезете баьхкинарш а шаьш паргӏата баьхначул тӏаьхьа хьем ца беш сихлора гучура бовла. Чӏогӏа хала тезет дара хӏара! «Муха! Хӏунда!» - бохуш ойланаш йара массеран а коьртошкахь хьийзаш. Массарна а йуьртахь везаш а, лоруш а кӏант вара Адам. Хӏинц-хйинцце бен ваа волалуш а вацара, ден ненан цхьах бен воцу кӏант. Гонаха шадолу дахар сецича санна хеталора. Нехан ойланаш санна шелонна хебина, гӏорийна лаьттара ира-лекха таьллаш а, Тӏехь гӏаш доцуш, чекх са гуш делахь а, шуьйра генаш даржийна комаран дитта а. Дуьххьал дӏа цхьа малх бара эхь дайна серлабаьлла, мархашна тӏехьара схьакъежаш. Делкъатӏаьхьа де суьйренга гӏоьртича, малх а мокъа мархашна тӏехьа а баьлла паргӏата белира, тезетахь гучудолу а лаьтташ долу адам а лахделира. Лула йарташкара деъна адам а «гена некъ бан беза» - аьлла дӏадахан тохаделира. Тӏелхиг вацара шена гонаха хуьлуш дериг, наха лелош дериг хӏун ду, цуьнан синкхетам болуш. Рогӏера адамийн тоба тезетан гона тӏейеъча, жима волуш дуьйна шена ӏамийна гӏиллакх-гӏуллакх леладора цо. Куьйг а, ког а шашаха лелаш хетара, аз а шена а ца девзаш хийцаделлера. Амма цӏаьххьана шен гӏайгане корта рогӏера цо айбинчу хенахь цо тидам бира, ша цхьалхха диллинчу кевнаха чувогӏучу цхьана къанон. Генара кхаьчначух тера дара иза воккха стаг. Жимма сеттинчу букъна тӏехьа диллинчу куьйгех кхозуш говрана тухуш йолу дуьйцинчу бахтарах йина йоца шед йара. Генарчу некъехь басайаьлла, макхйелла гӏовтал а йара цунна тӏехь. Когахь йолу муьжгийн этагаш а йара дикка хоттах йуьзина. Догӏано а, чано а мелла а бос лахбина ӏаьржа суркуй бара къежан цӏоцкъамаш хьулдеш тӏетиллина. Хӏинца кхин болу а наха тидам тӏебахийтира жимма цхьана когана астагӏа а вуьйлуш тезетан дайшна тӏевогӏучу къонахна. Амма баккхийчарна а, кегирхошна а хӏара вевзачух тера дацара. Тезете-м Нохчийчохь вевзариг а, цавевзариг а кхача, гучувала декхарехь ву. Коьртаниг иза цхьанна а ца вовзар дацара, амма иза генара кхаьчна хилар а, иза баккхийчарна цхьаннах тера хетар а дара тидам тӏебахийтинарг. Ткъа нах сиха бацара ишттачу меттехь хӏора хӏумана шен рагӏ йу, сихо товш а гӏиллакхен а йац.
Оцу заманчохь къано тезетана дайшна тӏехоьттина нисвелира. Цо доӏана хьлахалецира ши куьйг, корта жимма лаха а беш охьабахийтира. Доӏа дина ваьлча ши куьйг йуьхьтӏехула охьахьакхира цо, чо къежан мажна тӏехула охьачекх а доккхуш. Цулла тӏаьхьа жимма соцунгӏа а хилла, Тӏелхиге а хьаьжина цунна улло вахара цавевзариг:
- Тӏелхиг, цхьаъ бен воцу кӏант кхалхар хала хӏума ду-кх. Дала собар лолда хьуна! Дала гечдойла Адамна! – аьлла цӏаьххьана вист хилира цавевзарг.
Схьагарехь цунна Тӏелхиг а цуьнан хӏусама а дика йевзачух тера дара. Амма Тӏелхигана тӏевенарг ца вевзара, кхин башха иза вовзан гӏерта хьал а, гӏора а ца дисинера кхуьнгахь. Шен кӏентан цӏе хезича бӏаьргашна хьалха цхьа вон бода хуттура Тӏелхигна. Цундела халла шена чуьра озийна даьккхича санна дуьхьала гӏиллакхен цхьа ши дош элира цо.
Тӏевеънарг леррина хьаьжира Тӏелхиге, иза ца кхийтира: йа ша ца вевзина, йа хьешан гӏиллакх лелош ву шен шира накъост шеца. Ткъа хьешаца долу гӏиллакх нохчийн шира заманахь дуьйна схьадогӏуш дара, иза дара тӏевеъначу хьеше цо арабаьккхина некъ хеттар ца товш хилар. Тӏевеъначо шена лаахь дуьйцура амма цо ца дийцича цуьнга хоьттуш духевуьйлуш ӏедал дацара хӏусамден нохчийн гӏиллакхехь. Телхигас лелориг гӏиллакхал совнаха тӏевеънарг шена ца вовзар дуйла кхийтира къано кестта. Шен агӏора гӏиллакхе велира иза а. Кхин ша вовзийта ца хӏуттуш дехьо а ваьлла баккхийчарна улло, тӏе куза тесинчу гӏанта охьалахвелира иза. Амма къайлахо деккъа цӏена бӏаьргашца Тӏелхиге кест-кестта хьжуш-м вара и. Бехк бацара Тӏелхиган шен къонаволуш хилла накъост ца вевзича а. Дукха хан-зама дӏайаханера хӏара шиъ вовшаха къаьстина. Цунна тӏехула тӏе Тӏелхиг кхин стагга а вевзачохь а, гучохь а ма вацара. Дукха догдоьхна, дукха гӏелвелла, кӏадвелла вара иза. !оккха хала киртиг йара цунна тӏехӏоьттинарг! Бехк бацара цуьнан стагга а ца вевзича а, стагга а вовза ца лиъча а.
Нохчийн тезетехь вевз-везарг, гергара вериг деношкахь ӏен декхаре вара, амма герара а, йуххера а жимма хираниг шен декхар кочушдина ваьлчи тезетехь воккха волучо мукавоккхуш а паргӏата воккхий дӏавохийтуш а дара. Хӏинцалерачу заманехь а сан къомо лелош ду и хаза гӏиллакхаш.
Тӏелхиган тезетара тайпана хьалхарчу Таьштамир цӏе йолчу йехха охьахецна кӏайн маж а йолуш воккхачу атага эххар а элира тӏевеъначу цавевзачуьнгахьа а воьрзуш:
- Вайн де суьйренга гӏоьртина а догӏу, хьо генара кхаьчна моьттуш а ву со. Цундела хьо новкъа валан везаш хила мега… Хьо мукъа хилича бакъахьа хир ду Ахьа хьегна къа Дала меле йаздойла! Хьуна Дела реза хуьлда!
- Со-м деллахьа вара гӏиллакх лаьцна ӏаш… Генара вогӏуш а ма ву со, кхин генара вогӏийла а дуй тешна аьлла. Амма со со вахан араваьллачига схьакхаьчна, - жимма гӏайгӏане а хуьлуш элира цавевзачо. Таьштамир, хьуна-м со дага ца вогӏу моьтту суна.
Хьуна-м билла бехк бацара. Бераллехь соьца хьалакхиъначу сан доттагӏчунна а ца вевзиначух тер аду. Со-м вогӏуш, со диканера ца вагӏахь а, дикане кхача сахьийзаш веънера. Сайн накъостана Тӏелхигана тӏехкхаьна вониг жимма а йуххе хӏоьттина а лахдан декхаре а ву со. Зандакъара Хьажмурдан кӏант ӏумарсолта вай со-м, - аьлла цӏаьххьана луьйчура сецира иза, ша мелла а гӏиллакхера ваьллий техьа аьлла хетаделла.
Цӏаьххьана набарах ваьлча санна эккъана схьахаьжира Тӏелхиг, «ӏумарсолта» аьлла цӏе йоккхуш хезашшехь. Тӏаккха ша ӏаш воллучуьра айвелла шен накъост вевзина, цунна тӏебоьгӏна бӏаьргаш ца хадош, улло веира иза:
- ӏумарсолт, ма дукха хан йара вай вовшен ганза! Вон деина бӏаьрса а техина сан. Уггаре а суна гӏортор оьшучу хенахь-м кхечи хьо, - аьлла аз лахделира Тӏелхиган. Садеӏан хала долучух тера дара цунна.
Бӏаьрса диа ца хилирна бӏаьргаш хибдина, серлонна дуьхьала бӏаьргашна тӏехула куьйг а лаьцна хьоьжуш волу Таьштамире а вирзина Тӏелхига тӏетуьйхира:
- Вай ломара охьадогӏучу заманахь сох къаьстина Теркана дехьа дӏавахана хилла, соьца жима волуш цхьана кхиина сан накъост ӏумарсолта вай хӏара-м! – аьлла.
- Хӏаъа, дагавеан суна, - тӏетайра Таьштамир.
- Дера вара кхуьнан да Хьажмурд, къонаха стаг, - аьлла тӏетайра кхин болу а баккхийн нах.
- Хӏун хьал ду шуьгахь! Могуш-маьрша ӏаш м аду шу! – гӏиллакхана тӏера ца волуш, дуьхьала жоп далан дагадеира ӏумарсолтина цкъа хьалха. Амма оӏла цӏеххьана хийцайелла кхечу агӏора хьаьдира цуьнан:
- Эхь-бехк Дала лорийла! – аьлла ойлане лен велира иза цул тӏаьхьа. Таьштамир, ахьа пурба лахь, дуьйцура дара аса сайна тӏеӏоттаделларг, - аьлла дийца бакъо йийхира цо цкъа хьалха.
- Малх бузун хан тӏекхачале вайн кхин а хан йу, тӏаккха тезет а йерзош, малхбузан ламазаш а деш хӏума дийра дув ай. Ткъа хӏинца ӏумарсолта дийцал ахьа хьо дийцан гӏертариг. Арахьа лелачу стагана дукха хӏума ган деза хуьлу, дукха хеза пайдехь хӏуманаш а хуьлу хезаш, - аьлла вистхилира тезетана хьалхара къано Таьштамир.
Тӏаккха лен велира ӏумарсолта, йуьхьанца лаха хилла аз тӏаьхьо чӏагӏдина нийса а деш:
- Сан накъостана тӏедеина вон гича догдоьхна, айса арабаьккхина некъ а бицбелла висинера со. Сайн накъостана тӏедеъначу вонна сайн бала тӏетохан лууш а вацара со, амма ойла йича кхийтира со хӏинца Тӏелхигана оьшуш дериг хӏун ду.
Жимма соцунгӏа а хилла, кхин цкъа а ладугӏучаьрга леррина бӏаьрг а тоьхна дийцира цок хин дӏа а.
Шуна ма-хаъъара, хӏара йурт йиллина шовзткъа шо совнаха хан йаьлла, оццу хене гӏуртуш хан йу со кхечу вайнехан тобанца Далла тӏе болх а биллина Теркаца лаха охьавахана, сайн дуьненан кхоллам лоьхуш. Со оцу хенахь жима стаг вара, кестта хӏусам вовшаха а кхетча, доьзал а айбалан боьлча, хьайба-даьхни дебан доьлча, кхин тобанца цхьана Терканал дехьарчу эрна аренашка, Гӏамармахка гӏоьртира. Шйла ӏа деъйенера Теркан аренашка оцу шарахь. Массо хьаьдда догӏучу Теркана тӏехь меттигашкахь тоъъал стомма ша лацабеллера. Говр-ворда а, даьхни а шен тӏехула кхин башха хало йоцуш дехьа делира. Теркана дехьа бацана хьекъначу аренашкахь дахар кхин атоделла дӏадоьдура. Даьхни дено а стамлуш, дебаш дара. Дахар-вахар а нисделла дӏадоьдуш дара. Амма кест-кестта винчу, кхинчу лаьмнашкахь лаьттара дог, ойла даима а. Хӏусамехь нисвелла ворхӏ кӏант а, бӏаьстенан заза санна кхуьуш кхоъ йоӏ а йара. Лула-кулахь накъостий а церан йахьолу нисбелла доьзалаш а бара. Амма кест-кестта лаьмнашка, винчу агӏонехьа ходий йоьдура дог, ойла.
Доьзалш бакхий хила буьйлира, хьайба, даьхни де мел дели а дебаш дара. Доьзалан а шайн хӏусамаш, шайн доьзаш вовшахакхетан буьйлира. Церан хӏу стамлуш, шорлуш, беркатен хилла дӏахӏуттуш дара. Ткъа аса кест-кестта дуьйцура берийн берашна винчу лаьмнашкара йуькъа хьаннех, мерзачу шовданех, хьозийн хаза эшарех лаьцна. Шийлачу ӏано, йехачу буьйсанашкахь къаьсттина сахьийзара сан цхьана бӏаьрга мукъна а вина агӏо, лаьмнаш ган. ӏаьнан шийлачу суйренашкахь сингаттаме бекара сан нохчин дечиг пондар.
Даьхний а, бахам а гулбеллера, амма бераш, берийн бераш а къомах, дай баьхначу латтах херлуш лаьттара. Цундела, дикка ойла йинчул тӏаьхьа, цхьана суьйрана сайн кӏентий гулбира аса со ӏаш волчу чу. Кӏентех дага а ваьлла аса сацам бира, шелонаш лахъйалале тхайн бахамца шатӏехула Терках дехьа а девлла дай баьхначу лаьмнашна йуххе гӏорта. Кхин хьем ца беш шолгӏачу дийнахь ӏуьйренца некъана кечдала дуьйладелира тхо. Некъана кечам беш цамоьттучу агӏора дукха хан йелира тхан. ӏаьнан чӏагӏдалар, шело а мелла лахйелира. Теркана тӏера ша мелла а гӏелбелла хила мегаш бара. Делахь а «ларалуш хир ду вай!» - аьлла новкъадевлира тхо.
Теркана тӏера ша чӏогӏа лацабелла, болатан санна хетара. Со говрахь дехьа-сехьа велира шанан чӏагӏоне хьоьжуш. Бежанаш а лаьхкина сехьадехира. Со бежнашка хьоьжуш Теркал сехьа висинера. Зударий, бераш ворданашкара а биссийна гӏаш ша тӏе бевлира, сан кӏентий говрийн йахххьаш лаьцна ворданашца сехьабовла буьйлабелира. Уьш дикка зӏехилла бахбеллера ша тӏехь цхьана меттехь шана ницкъа ца хилийтархьама. Суна сайн берин берийн йоьлуш йолу, шелоно цӏенйина йаххьаш гуш йара. Цара соьга а самукъане аьзнашца маьхьарий деттара. Со а уьш хьоьстуш дуьхьала къамеле ваьллера цаьрца. Оцу хенахь суна а сан хӏусамна а ца моьттург хилира.
Гонаха жиманиг а, воккханиг а массо а садеӏан дицделлча санна ӏаш бара. ӏумарсолтас цхьанна гарна кхоьруш санна къайлаха доккха са а даьккхина кхин дӏа чекхдаьккхира шен къамел. Теркана дехьара берда техь сан кӏентан кӏанта ша шатӏейаларна кхоьруш лара йеш рема йара. Амма бераша шатӏехула сехьабовлучаьрга хьоьжуш, рема цхьана ханна йицъйинера. Шадериг а нисделира говрашкахь ӏашдолу бераша ремин тӏера тидам дӏабахийтинчу хенахь. Сан жимаха волучу кӏентан ремана йуккъехь цхьа нисйелла, жӏала санна цунна тӏаьхьара ца йолуш лелаш дин-говра йара, Сирдин цӏе а йолуш. Шен да вордана йуьхь а лаьцна шатӏехула гена волуш гича, Сирдин цӏеххьана ремана йуккъера а йаьлла шатӏехула вордана тӏаьхьа хьаьдира, цӏога а айбина, терсаш. Иза гинчу бераша шаьш хӏун до а ца хууш тӏаьхьахаьхкира цунна шаьш тӏехь ӏаш долу говраш. Иза дара уггаре а коьрта гӏалат, хӏунда аьлча, рема а царнна тӏаьхьа хьаьдира. Цулла тӏаьхьа Теркана тӏехь хӏоьттинарг жоьжагӏатан сурт дара. Адамийн маьхьаршца «тӏах! тӏах! тӏах!» аьлла стигала йатӏайеш санна, иккхинчу шан тата делира. Бӏаьрган негӏара тоха а ца кхиира со Теркана бердахь со со вуьсуш. Цхьаъ дийна ца вуьтуш, къизалла иккхина дӏадаханчу Терко хин буха, ша шен буха хьарчийра шаберш а. ӏадийна висира со гӏовгӏане керчан даьллачу Теркана йисттехь. Аса хьоькху цӏогӏа Терко тергалла а ца дора! Аса стигале дийхира, Деле а кхайкхира суна ницкъа ло аьлла! Суна жоп дала ца велира цхьа а. Со шийла мохь аьлла хьаьдира Теркана ша кагбеллачохь керчаш йолучу тулгӏеца хаьрчина сайн хӏусамна тӏаьхьа кхиан дагахь. Амма оцу хенахь мокхаза берд санна охкайеллачу мархашна йуккъехула йерриге стигал серлайоккхуш тойхира серло. ӏаьнайуккъехь стелахаьштиг! Со цӏаьххьана хьалха ког тоьхна сецира. Сан цецваларан барам бацара. Деле, хьо воккха ву-кх! Хьан къайле йоккха йу-кх! – аьлла вухавелира со Теркан йисттера.
Эххар а со новкъавелира дай баьхначу агӏора. Суна дагавеира сайн жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиина цхьаъ бен воцу доттагӏа Тӏелхиг. Новкъа вогӏуш, къен нахана, мискачарнна берриге а бохург санна сайн бисина бажа а дӏабийкъира аса.
ӏумарсолтас шен къамел чекхдаьккхича, гонахара адамаша садоьӏий техьа аьлла хеталора сел тийна долуш.
-Сан доттагӏ Тӏелхиг, хьуна тӏедеъначу вонна аса сайн бала тӏетохарна суна къинтӏера валахьара хьо, - аьлла вист хилира иза, жимма а ӏийна…
- Сан доттагӏ ӏумарсолта, хьуна тӏедеъначу вончуьнца, бохамца дустан доккха хӏума дац суна хилларг-м, - олуш, Таьштамире вирзира Тӏелхиг. Таьштамир! Сан тезет хӏинца чекхдели! Кхин дӏа сан доттагӏчуьнан ӏумарсолтан тезет ду сан кертахь!
Доӏадехьа, хьо вайна йуккъехь воккхаха вара-кх!
Таьштамир а, кхин берш а баккхийра нах дегӏ нисдеш гӏевтира, доӏана куьйгаш а лаьцна дӏахӏуттуш.