Цо стоьла тӏе буй туьйхира тӏаккха, «прекратить»ӏ , олуш. Со ца кхийтира.
Кхин цкъа а ца кхийтира со иштта, тхайн йуьртан комендантана тӏе со шоферан курсашка деша вахийта аьлла вахча.
Цо цӏе хаьттира.
Дауд.
«Та-а-ак, Дауд! Дауд йу элирий ахь хьайн цӏе? Хьо шофер а вахна, машен хоьхкуш лелча, рема хьан йажор йу?» – шен шина пӏелга йуккъехь боллу къолам аьртачу агӏор цхьанаэшшара стоьла тӏе бетта болийра коменданта.
Бекбаев Мухтар ву сан метта хир волуш, цо рема дӏаоьцу, элира ас, боккъал иза тешо а гӏуртуш.
Комендантан бетан аьрру агӏо йелаозайелира: «Йахийта кхузара чехка, – нийсса бӏаьра хьаьжира иза, цхьа цкъоцкъам ирах а доьдуш, – тахана бежехь цахиларна ас хьо чуволлале».
Соьга дедас дийцира тӏаккха, комендант бакъ хилар: «Вайн буйнахь шед хила ма йеза, ва кӏант, – элира цо, – машенан чкъургаш чӏогӏа сиха ма йу», – аьлла.
Йуха со а кхийтира.
Хиллера со, хӏаъ, Россехь хиллера, Сибрехахь а, Казахстан а йевзара дика. Гуьйре чӏогӏа хаза йулура цу мехкашкахь, кӏайчу декхнаша дашон бӏаьрхиш а ӏенош. Хаза меттигаш йара.
«Суна дагадогӏу, – дуьйцура йоккхачу стага, – шу дӏадохийна де, муха ца догӏу! Со йилхира цу дийнахь, хӏокху корах ара а хьоьжуш (некъерчу коре пӏелг хьажийра цо). Цхьа а ара ца волуьйтура. Кора дуьхьлара киса дӏа а оьзна, йоьлхуш лаьттира со, нахана тӏаьхьа а хьоьжуш, Николай а воьлхура соьца нийсса. Дала бекхам-м бинера цунна, Мавзолей чуьра ара муха кхоьссира, Иуда! Жоьжахати цунна цхьанна а тоьар йац, йерриш а йузур йу цо ша».
Со тешара, цхьаъ-м цо йузург хир йара, цуьнан къиноша, ткъа вуьйш хьанна йу те, уьш дуккха а йу ма боху, и жоьжахатеш?
Йоккхачу стагаца дехха къамелаш дора ас, кест-кеста цӏийнан мах а хьахош. Иза йелалора, дацаре корта а ластабой. Цунна ца хаьара, хӏара цӏа суна хӏунда деза. Ас кхин дӏа а ца олура, иза дуьхьалъйаларна кхоьруш. Эцца лулахь ду хьуна цӏа, дукха а ца доьху хьуна. Иза хӏунда ца оьцу ахь, ткъа бӏе туьма а делла? Ас ткъе кхоъ доцуш лур дац, латта ца го хьуна сан? Лаьттах ма ло гӏалахь ахча. Цӏа ледара долуш-м ца боху-кхи ас сайн. Майра дикчу гӏуллакхехь вара сан, къахьоьгур долуш а вара чӏогӏа. Цундела кхачам боллуш ма дира цо хӏара цӏа. Кораш гой хьуна, мел даккхий ду!»