Ас корта ластабора.
Цӏерпошт а кхечира схьа, генара дуьйна мохь хьоькхуш, саьрмиках терра йахйелла, «чуф-чуф» деш, мерах шок а йетташ. Нах хьалхий-тӏаьхьий, цхьа ларам а, гӏиллакх а доцуш, цхьабосса аратеттабала буьйлира вокзала чуьра, тӏоьрмигаш а текхош, маьхьарий а детташ.
Йоккха стаг а хьаьдира хьалха дӏа, йоьалгӏа вагон а хоьттуш нахе. Лулахой а уьдура. Со, карахь йоккхачу стеган чамда а йолуш, генна тӏаьхьа вогӏура, тахана масийттазлагӏа сайга хоьттуш, дӏаала ас йа ма ала, хӏун до аьлла а, ца аьлла а хӏун до бохуш, айса-сайца къуьйсуш.
Йоккха стаг, тхуна массарна а мара кхетта, вагонан ламеш тӏера тхоьга куьг а ластийна, къайлайелира.
«Схьаийна стаг йара», - элира цхьамма.
«Мел дика ӏийра вай!» - вукхо.
«Хала-м хета…» - кхозлагӏчо.
Со вист а ца хилира. Со ца тешара, хӏара дерриг а иштта ду бохучух, чекхдаьлла бохучух, айса хӏумма а дӏа а ца олуш цуьнга, йа ала а ца гӏуртуш.
Вагонаш меллаша дӏатекхира узаршца, цкъа чӏоггӏа тоха а йелла, цӏерпоштан йохалла. Цхьа-ши кор а делира тӏех. Цул тӏаьхьа кхоъ, диъ, пхиъ. Йуха йалхалгӏа, тӏаккха - дерриш а. Тӏаьхь-тӏаьхьа сихлуш, цӏеран суйнашца чекхлелхаш дӏадайра кораш. Цӏерпошт а дӏайахара, цуьнца - йоккха стаг а.
Ас хӏумма а ца элира. Суна цӏерпоштан гӏовгӏанехь сайн деда дуьхьал хӏоьттира, цуьнан гӏийлла мархашка хьежар, цо наггахь доккхуш хилла са, бӏаьрнегӏарш тӏе а дохкуш. Цунна Нохчийчоь гуш хиллера, цуьнан лаьмнаш, царна, лаба санна, тӏетаттайелла кӏайн садоьӏу мархаш. Йа шен цӏенош гуш хир дара цунна, Соротара бугӏанашца тӏеш а кхоьхьуш, ша дина хилла долу, хӏинца ас ткъе кхоъ бӏе туьма а делла, сайн дола даьхна лаьтта, йоккхачу стагана шен йишин цӏа санна, тӏаьхьенна а ца дуьсуш.
«Кхо бӏар дийнера ас цу керта», - олура дадас кест-кеста.
Бӏар хӏинца шиъ бен ца диснера. Аьрру куьйган кхо пӏелг бен бацара сан деден, цхьа ког а бара астагӏа. И чевнаш цунна Деникинхойх леташ, ӏалхан-Йуьртахь хиллера, советан ӏедал чӏагӏдеш. «Хьо цӏерпошта чохь вира, - олура цо соьга, - и тиша некъ вай бохьуш, шолгӏачу мартехь». Со а цу цӏа чохь кхоллавелла хиллера ненан кийрахь. Йуха цу чуьра дӏа а вохийнера.