Цхьана жимачу мехкан паччахье кехат даийтина хилла кхе́чу ницкъ болчу паччахьо. Цу кехат тӏехь цо йаздеш хилла, хьан хӏорда бухара айгӏар терсича, ворхӏ лам битина, бархӏалгӏачу лам тӏехьа́ра сан кхе́лаш остйоьвлла. Нагахь тӏом бан ца лаахь, су́на тӏе маслаӏатна йехха маж йолуш воккха стаг ваийта, остйаьллачу кхузткъе кхаа кхе́лан хилла бекъанаш а йахьаш, гӏаш а во́цуш, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а, чохь а, а́рахь а во́цуш.
И кехат кхаьччахьа́на, дог доьхна, ойланашка воьжна паччахь. Мел ойланаш йарх а, карош ца хилла паччахьана дуьхьал вахийта хье́къале, бегӏийла стаг. Тӏаккха цо чӏагӏо йина, дуьххьара тӏекхаьчначу стагах дагавала. Caгӏa доьхучуьнан бедарш а юьйхина, араваьлла паччахь. Лелаш, гӏулгех ловзуш дохкучу бе́рашна тӏе кхаьчна xlapa. Кхунах бӏаьрг кхеттачу бе́раша вовшашка аьлла:
— Сáгla доьхучунна тӏулгаш тохий вай? Бе́раш совцийна цхьана эгӏазчу кӏанта:
— Ма тоха. И cáгla доьхург вац, паччахь ву, — аьлла. Паччахь инзарваьлла шена хезначух:
— Дийцахь, кӏант, со тӏелхигаш йоьхна а ма вара, муха воьвзира хьу́на со?
— Дӏадаханчу пӏе́раскан дийнахь маьждиге рузбана во́гӏуш, ахьа лийзинчу цу хьан когех, боларх воьвзира, — жоп делла кӏанта паччахьана.
Оцу кӏанте́ дийцина паччахьа шега даийтинчу кехатах лаьцна. Ткъа кӏанта аьлла:
— И-м кӏадда а бо́цург дара, сан эрна хан ма йайа.
— Ой, кӏадда а бо́цург муха ду и? Дийцахьа, хӏун дича, хӏун хир дара-те́хьа? — хаьттина паччахьо.
— Сагатдан ца оьшу хьу́на. Кха́на ӏуьйранна со хьо волчу во́гӏур ву. Ахьа хӏетале дикачех кхузткъе кхоъ дин а, кхузткъе шиъ бе́ре́ а кечве, хӏо́ранна а терсмаймал-тур а, вир-бӏарз а, бож а хилийта.
Ша́ ма-аллара кечам бина баьллачул тӏаьхьа, ницкъ болчу паччахьана тӏе ваха новкъа ваьлла и кӏант.
И паччахь ве́хачу шахьарна шаьш чоьхьа доьвлчхьа́на, «гӏалх» мел аьллачу жӏаьлин са да́ккха, аьлла, омра дина кӏанта шен бе́ре́шка. Жӏаьлеш дойъуш, xlopш бо́гӏуш, цецбоьвллачу шахьаран ба́хархоша хаьттина:
— Аш хӏун леладо, хӏай? — аьлла.