ГӀАЛГӀАЙН КЪО́МИЭ
Хе́дар йо́цу уьйраш йозайелла,
Шу-м йижарий, сан вежарий дай. –
Марзонашца вовшех тийсайелла,
Цхьана дегӏан меженаш йу вай.
ГӀалгӀайн къо́ме, хӀокху гӀалгӀайн лаьтте́
Кхоллабелла безам сацалац.
Хьаам бо́цуш, хийла деган готтехь
Шун уьйрашка сатийсина ас.
Ираллийца, ирсан ге́наш цоьстуш,
Вайга кхийдош лелла хийла харц.
Эзар шерийн йе́ха за́ма йустуш,
Вайн доьналла дохаделла дац.
ПаргӀатво́лу, сайн хӏусамехь санна,
ХӀокху гӀалгӀайн махка кхаьчча со.
Деган марзо алсамъйуьйлуш денна,
Шалхо йо́цу ойла хьаало.
Дуьне дохарх, къаста таро йо́цу
Цхьана дегӏан меженаш йу вай.
Везчу Да́ла латтадойла доца,
Вайна йуккъехь хоттаделла тӀай!