– Хилийтахьа, ахь ма-бохху, – кӏадвелла, йухавелира Берса. – Коьртехь хьекъал, ӏилма а долуш, халкъо лоруш майра молланаш беза вайн гӏуллакхна. Уьш мичахь карор бара-те?
Аьрзу вуьйхира.
– Ойла йича, хуур дара-кх… – элира цо. – Иштта цӏеххьана жоп дала хала ду. Ӏедало кхерийна уьш…
– Хӏай-хӏай… Ас дукха ойла йина оцу тӏехь. Эрна. Ӏеламнах дуккха а бу, амма къонахий кӏезиг бу царна йукъахь.
– Маса молла везар ву вайна?
– Лаххара а, бархӏ. Хӏор а виллаете – цхьацца.
– Хьо шайх кхайкхийча, хӏун дара-те? – вела а велла, Маккхалан чоьже буй ӏоьттира Берсас.
– Суна и дагадеана-м дукха хан йеца! – тӏетайра Аьрзу.
– Делхьа, ма дика хир дара иза! Цхьаъ мукъане а вешан, халкъаниг, хила ца мега?
– Йитал забарш! – куьг ластийра Маккхала.
– Забар йац оха йийриг, – корта ластийра Берсас. – Нагахь цхьа эвлайаъ ца хилча, вайн гӏуллакх галдолуш делахь, хьо хила луур ду тхуна. Макка хьаьжцӏа а гӏой, цигара цхьа баьццара оба а, иттех дол чалба а йохьуш, цӏа вола. Некъахь туркойн пес а эца. Кийчча шайх хир ву хьох. Некъана ахча а вайн долуш ду. Хьо реза вуй, Аьрзу?
– Сой? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!
– Вела шуьшиъ! Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий дӏаваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, сагӏадоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво. Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах. Мел адам хӏаллакьхилла уьш бахьанехь? Хӏунда боху уьш лакха? Вешан ӏовдалалла!
Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал. Амма иза тахана санна оьгӏазе цкъа а ца гинера Аьрзуна.
– Кхин а ду цхьаъ, Маккхал, – элира леррина ладоьгӏучу Берсас. – Маршонехьа къийсамехь дин, къаьмнаш, тайпанаш а къесто эшац. Маршонан гӏуллакхна тешаме верг вайн ву, дуьхьалверг – мостагӏ. Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гӏеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гӏаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.
– Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а.