– Аьрзус гойтург уггар сийлахь некъ хета суна а, – тӏетайра Маккхал.
– Сийлахь некъ-м бара иза, амма шеконехь бу-кх. Догдохуьйла кӏезиг йу. Со тешна ву, паччахьан ӏедалан ӏазап кӏел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал гӏовттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Дуьненахь цхьа адамаш ду, халкъашна шайн маршонехьа, керлачу дахарехьа къийса а, толам баккха а хьоьхуш. Ас дийцира-кх шуна ӏазапехь дохкучу халкъаша пхийтта шо хьалха Европина тӏехула гӏаттийначу буьрсачу дарцах лаьцна. Иштта чӏогӏа дацахь а, изза дарц делира Россехь а. Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь ӏазапдаллорхойн ӏедал дохо. Амма хӏинца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а тӏехула. Кестта дарц дала герга ду, кӏентий.
– Хӏета, вешан гӏаттам оцу дарце хьажабо-кх вай?
– Кхин некъ бац.
– Ткъа йарташ Соьлжан а, Теркан а аьрру бердашка а, Жимачу Гӏебарта а кхалхо йолайахь? Ваьшкахь дисина латта а дӏалур ду вай?
– И ша ду. Тӏаккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах дӏакхалхор а, гӏалгӏазкхий схьакхалхор а чолхе гӏуллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу ӏедална. Вайн декхар хӏун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, гӏаттамна кечамбар. Амма ларлуш хила. Солтамурд, Вара, Залма,
Шоӏип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза. И гӏуллакх ӏаьне тоттур вай. Ткъа хӏинца, малхбузан ламазаш дина, дӏасадаха деза.
Доттагӏий хьалагӏевттира. Шовданна йисттехь ламазаш эцна, гӏуллакх сихха чекхдаьккхира цара.
– Оцу Варас лелочунна реза вац со, Берса, – элира Маккхала, кога мачаш а йухуш. – Кху хьаннашца, бӏаьн некъашца эпсарш, хьаькамаш дӏасабовла ца буьту цо. Хьуна хууш ма ду, цо хӏинцале а маситта стаг вийна хилар. Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа ӏедало адамаш хьийзадо. Варега дӏахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостагӏий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо.