– И тайпа гӏуллакхаш сан функцешна йукъа ца догӏу, Барзоев, – аьттехьа а ца дитира Курумовс. – Цигахь округан начальник, пурстоп, къанойн суд а йу. Цара диннарг хир ду цунах. Тӏехула тӏе, суна хетарехь, ахь вуьйцу Васал бевддачу салтех волчух тера а ду. Хууш ма-хиллара, ӏедало схьа а лоьхуш, луьра таӏзарш до ишттачарна.
– Цундела ма гӏерта уьш и гӏуллакх суьде а ца долуьйтуш дерзо. Хьуна лиъча, хьан дерзо ницкъ болуш гӏуллакх ду иза. Хьан гергарло ду, элаца Тумановца-м хьовха, Лорис-Меликовца а. Ахь полковнике Головаченке цхьа дош аьлча, цо, къамел доцуш, дӏахоьцур вара иза. Гатийуьртахоша чӏогӏа доьху хьоьга. Цара шайн тайпанна тӏелаьцна стаг ву Васал.
Цкъа ойла хилира Берсин, хьан дай а ма бу, мацах иштта шелахошна тӏебаьхкина, цара дола а дина, хаза нах а бина, дӏахӏиттийна, ала. Йуха а, цунна дагах ӏотталахь а аьлла, сецира.
– Дика хьал дац цуьнан доьзалехь, Къосам, – элира Берсас. – Цӏа дуьззина кегий бераш. Цомгаш зуда а йу, тахана йаларан а тешам боцуш. Тӏера ваьккхина, да бехк-гуьнахь доцуш Сибрех хьажийча, хӏаллакьхир бу-кх и миска доьзал.
Шен сирачу мекхех куьг а хьоькхуш, Курумов вехха ӏийра жоп ца луш.
«Кхолламо ца лелош хӏун дуьсу, – ойла йора цо. – Хьанна хаьа, цхьа хьовр-зӏовр хилахь, хӏокхуьнан разбойникийн кара со йа суна везарг нислой а. Ас дина гӏуллакх эрна довр дац. Тӏехула тӏе, да а ву кхуьнан вехаш стаг. Нагахь нийсачу новкъа валахь, ша а ву хьаькамаллехь гена гӏур волуш. Хӏан-хӏа, хӏокхунна дина гӏуллакх эрна довр дац».
– Дика ду, Барзоев, – элира цо эххар а. – Хьан деца Рохьмадца долчу гергарлонан дуьхьа и гӏуллакх дерзо хьожур ву со. Шуьшинна йуккъехь машар бар а дехнера соьга Рохьмада. Иза тӏаккхахула дуьйцур вайша. Ас кханнахье Головаченке дӏакхетор ду хьан дехар.
– Баркалла хьуна, Къосам. Тховса ахь суна бина йуьхькӏам хьуна диканца йухаберзо аьтто хуьлда-кх сан.
– Хӏорш-м кӏезиг хӏуманаш дара, – куьг ластийра Курумовс.
Хӏара шиъ араваьлча, Данчӏа тӏевеара.
– Данчӏа, – меллаша вистхилира Курумов. – Кхуза ван декхар дацара сан. Со ӏедалан гӏуллакхехь стаг ма ву. Сайна кхеравелла ӏийна ца алийта, веара. Хьайна хуур ду-кх хьуна.
– Кхета со, Къосам. Хьо кхуза вар къайлехь дуьсур ду.