Оцу хьола тӏе нисвелира Алхазан Муса паччахьан правительствос тӏедилларца нохчийн пхи эзар доьзал дӏаэцаран хьокъехь туркойн Портица дийцарш дан ваханчу хенахь. Цигара хьал дика доцийла-м Мусина хьалххе дуьйна а хаьара. Цунах хаамаш Мусин шен карахь а бара, цул сов, цигара йухаоьхучу наха дуьйцурш дӏасадаьржара лаьмнашкахь сиха. Бакъду, ахберзина, мацалла мажбелла, сагӏадоьхуш дийна бисинарш а, дӏадохказа цхьанхьа ӏохку декъий а шен бӏаьргашна Турцехь галлац, оцу ирчачу хьолан сурт цунна ма-дарра ца хӏоьттинера.
Стамбулехь мел даккхий гергарлонаш шен хиллехь а, и сурт гича, Мусас догдиллира шен гӏуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма дерригенна а тӏехь цунна гӏо дира хьалххе дуьйна Петербургера а, Тифлисера а хаам эцна Стамбулехь ӏачу оьрсийн векало инарла-адъютанто Игнатовс. Шен правительствон цӏарах Игнатовс тӏелецира нохчийн пхи эзар доьзал кегийчу тобанашца, шайн даьхница, сал-палца лаьттахула могаш-маьрша, цхьаннахьа а цаьргара зен-зулам ца долуьйтуш, Турце дӏабала. Эххар а туркойн правительствон арахьарчу гӏуллакхийн министр ӏела-Паша резахилира нохчийн пхи эзар доьзал тӏеэца а, Саганлуг ломаний, Ван ӏоманий йуккъе баха хао а.
Оцу тӏехь барт хилла баьлча, шен гӏуллакх дийцира Кундуховс. Тохара цкъа ша Лорис-Меликовга, нохчий Турце кхалхоран гӏуллакх айъина Россин дуьхьа а, нохчех къахеташ а лела цо аьллехь а, иза цӏенна харц дара. Дуьххьалдӏа хьекъалечу коьртана гора Россехь хуьлуш лаьтта социальни хийцамаш а, цуьнан чаккхенехь хӏутту дерг а, къаьсттина – шех хин дерг а. Кавказски тӏом чекхбаьллера, Росси чӏогӏа когаш тӏе хӏоьттинера кхузахь. Хьалхалера сий хирий-те хӏинца хӏирийн алдарийн? Хӏан-хӏа, шайна оьшучуьра бевлча, паччахьан ӏедало йуьстахтеттира гуьржийн дворянаш, абхазийн элий. Изза хиларна кхоьрура Кундухов шех а. Мел иза хьекъале, хьуьнаре инарла велахь а, кхидӏа карьере догдохийла йацара цуьнан. Цул сов, Россехь крепостной ахархой мукъабаьхнера. Хӏинца изза деш ду Закавказехь а. Кестта и закон Къилбаседа Кавказан лаьмнашка а даьржар ду. Долахь леш боцуш эла муха хуьлу? Тӏехула тӏе, ахархой ца хилча, ши эзар бархӏ бӏе десятин лаьттах цо хӏун дан деза? Хьанна хаьа, ӏедало мукъабаьхначу ахархоша, тӏехьа мийра а тоьхна, дӏакхосса тарло. Иза хилла меттигаш дукха йу.