Жимачу Нохчийчоьнан дог ма дара и йурт. Цигара дӏа шун йарташна тӏелета тхо совцо, Тӏелхаган меттана дагестанхойн наиб Абкар-Дибар ваийтира имам Шемала. Амма цуьнан цхьа а гӏуллакх новкъа ца долура. Хӏетахь Тӏелхаган хьекъалний, тхан дивизиний йуккъехь лаьтташ бӏаьрзе Абкар-Дибар ца хиллехь, тхо дерриш хӏаллакьхилла хир дара. Кхин хӏун дийр ду а ца хиъна, дерригенна куьг ластийна, шайна ма-хуъу шаьш ларде аьлла, ӏадбитира цо нохчий. Ша цига наиб хӏоттийчахьана дуьйна цо тӏеэцначех уггар хьекъале сацам бара иза. Цхьамма тӏехь куьйгалла дан доьлча, цуьнан бага а хьуьйсуш, когаш-куьйгаш дихкича санна, ӏа нохчий. Амма шайн лаамехь буьту-кх! Дала ӏалашвойла царах! Массо кулла кӏелхьара, шерачу лаьттах бухбуьйлуш, къинхетамза йетташ, дуьне-м, дера, гатдора. Абкар-Дибара шаьш шайн лаамехь битиний хиъначу нохчех йуха а нохчий хилира. Тӏаккха, бахий ахь, шайн даимлерчу майраллица, мекарлонца шаьш шайн ларбан буьйлира уьш. Тхан дукхахдолу дараш оцу йуккъехь хилира. Деллахьа, ма дохковаьллера-кх Шемал Жимачу Нохчийчуьра Тӏелхаг ша дӏаваккхарна. Амма имамо шен гӏалат нисдира, Абкар-Дибаран метта хьо а хӏоттийна. Хӏетахь тхоьца ца ларийра Абкар-Дибар. Тхо йуха ца дахаделира майрачу, ас даим лоруш волчу хьекъалечу полководце шелахойн Тӏелхаге а. Амма ахь, Сайдулла, коьртах хӏума туьйхира тхуна. Цкъа тоьхна ца ӏийра, дуккха а йиттира. Суна хӏинца а гуш хета, хӏетахь йерриг а Кавказски линин аьрру флангехь цӏейаххана бевзачу хьайн хьаргӏачу динахь, оха тӏедетта дошан дарц ца тергалдеш, парггӏат тхоьга а хьоьжуш, хьуьнан йистехула чекхваьлла хьо. Хӏаъа, ахь цӏена этира тхан эпсарш. Берриш инарлаш цецбуьйлура хьан майраллех. Пурба лохьа, хьомсара Сайдулла, хӏара кад хьайна тӏера дӏамала. Дала лардойла вай йамартлонах, Дала ма дуьтийла вай къонахалла дӏаэцна!
– Амин!
Кедахоша шайн маӏаш, йасса а йина, охьайехкира, амма Сайдуллас шениг, йуха а йуза аьлла, Афаке дӏакховдийра.
– Хьан дашна йукъаэккха ца лиъна, дерриг а ала витира ас хьо, Муса, – элира цо тӏаккха. – Ахь со Тӏелхагал лакхавоккхуш дош алар нийса дац. Тӏелхаг тхан нохчийн эскаран хье бара, тхо, важа наибаш, цуьнан куьйгаш дара.