кӏант Гӏеза-Махьма хӏотторо. Ткъа хӏинца нохчийн йарташ, тӏом сецош, оьрсашкахьа йийла йоьлча, имамо шен кӏанте омра дира, хӏор а йуьртара амалтана шена адамаш а даладе, берриг а нохчийн наибаш дӏа а бахий, церан метта дагестанхой хӏиттабе аьлла. Оцу омрано, Шемалх тоьлла наибаш хербина ца ӏаш, кхин тӏе а марсадаьккхира шина халкъана йуккъера мостагӏалла. Нохчийн йарташ оьрсийн агӏонгахьа кхалхар кхин тӏе а чехкаделира.
Шемала дехарш дора нохчашка. Оцу шеран гурахь цо Шела улло бийхира нохчийн берриг наибаш а, ӏеламнах а.
– Ма кхера оьрсех! – бохура цо. – Ахульгохь ворхӏ стагаца кӏелхьара а ваьлла, ведда шуна тӏевеанчу сох шун гӏоьнца нуьцкъала имам хилла! Ма мотталаш, шаьш дӏа а тийсина, со лам чу гӏур ву! Хӏан-хӏа, со кхузахь, шун лаьтта тӏехь, лийр ву! Шул майра, хьуьнаре халкъ дац дуьненахь! Собаре хила, сатоха! Оьрсаша хьесап ца далла дукха ахча дайъина, дукха салтий хӏаллакбина шун мохк дӏалаца гӏерташ, шу салтдаха, шун зударех меташкаш бархьама. Цара герз дӏадоккхур ду шуьгара, атталла урс а дуьтур дац. Шун берриг а къонахий Сибрех бохуьйтур бу, бисинчех муьжгий бийр бу. Тӏаккха кхетар ду шу, амма тӏаьхьа хир ду!
Оцу йуккъехула, шайн дерриг тукхам паччахьна муьтӏахь ду аьлла, Евдокимовна тӏевеара шотойн къеда Сурип-молла. Масех де даьлча, имамна дуьхьал гӏеттинчу шен тайпанна гӏодар доьхуш, инарлина тӏевеара чӏаьнтийн тхьамда Дуга. Хӏинца ша-шаха херца йолайелира Нохчийчоь. Иза йагайора мало йоцчу хӏораммо а. Йагайора Сурип-моллас, Дугас, имамах веддачу наибо Хьамзата, Шемалан кӏанта Гӏеза-Махьмас, инарла Евдокимовс. Оцу йогучу цӏергахула чевнаша деринчу дегӏаца, кӏур туьйсучу чоица Соьлжа-гӏопе Евдокимовна тӏевеара майра Ботукъа. Инарлин цкъа а ойла йацара наибаш байъа йа Сибрех хьовсо. Мелхо а, цунна лаьара цкъачунна уьш даржехь лакхабаха. Тӏаккха цунна тӏебогӏур бара бисина наибаш а. Цундела, хьалха санна, Ботукъа шотойн наиб витира инарло, ткъа Сурип-молла цуьнан суьдхо хӏоттийра.