Цигахь хьо ӏамийна хӏара лаьмнаш, кхузара къаьмнаш ца деза. Хьайн вежарий байъа. Со миска ву, амма, шун цӏеша буьзна бахам сайн ца хилийта, сагӏадоьхуш лела реза ву!
Ӏелахас муьшка йира шен накъостна:
– Сайдулла, ахь ден къамел лан деза ду. Диц ма делахь вайша Мусин хӏусамехь хьаша хилар!
Ша ӏачуьра хьала а гӏеттина, кӏедачу кузаш тӏехула чехкка дӏасаволавелира Сайдулла.
– Хӏусамдена а хаа деза шен хьешан чевнаш ларйан. Кхетий хьо, Муса? Тхох хӏораннан а дегӏ дуьззина чевнаш, моьнаш ду. Ма хьейе уьш, ма йе ӏиттарш, тхан чевнаш ӏийжайо аш! Шаьш йина чевнаш йерза йита!
Лом карзахдала доллийла хиъначу Мусас, хьалагӏеттина тӏе а вахана, цуьнан белшаш тӏе куьг диллира.
– Оьгӏаз ма эхахьа, доттагӏ. Вай дерриш а ламанхой, цхьа вежарий ду. Цхьанна иккхина лазар массеран а дегӏе кхерста вайн. Со мила ву? Инарла! Кхидӏа хӏумма а вац! Цхьана хенахь, хьо санна, со а оьшура паччахьна, хӏинца со а совваьлла. Хьох тешшачул а ца теша сох. Сан кийрахь бац, моьтту хьуна, бала? Айса шун халкъан ӏенийначу цӏийно буса наб кхета ца вуьту. Оцу къих хьалхавала некъ лоьхуш, синтем байна хьийза со. Цунна вехна ас шуьша схьа а. Нагахь, теша а тешна, ашшимма ас аьлларг дахь, ас хоуьйтур ду-кх шуьшинна нохчийн дуьхьа са дӏадала а со кийча хилар!
Сайдулла, сиха Мусигахьа а вирзина, бӏаьрса схьаэца санна, леррина цунна тӏевогӏавелира. Амма царна чохь цунна ца гира йа йамартло а, йа вохар а, йа кӏиллолла а.
– Схьадийца, Муса, къиза велахь а, амма цкъа а йамартло ца йаьлла хьох.
– Цкъа, саметта а волий, охьахаахьа. Вай дуьйцу дерг кӏезиг гӏуллакх дац.
Сайдулла а эцна вахана, Муса йуха а шен метте охьахиира.
– Афако, чагӏарх йузал и маӏаш. Сайдулла, ас шуьшинга дуьйцу долчух а, вайн хинболчу бартах а доьзна хир ду шун къам маьрша дехар ду йа хӏаллакьхир ду бохург. Цул сов, сан багах девлла дешнаш ӏедалх дӏакхетахь, со хӏаллакьхир ву. Иза вуьшта а ца теша даьлла сох.
– Хьуна тхаьш девза, моьтту тхуна. Нагахь хьо тхох ца тешахь, Къуръан схьада, дуй буур бу хьуна.
– Цкъачунна Къуръан ца оьшу вайна. Амма жимма вешан къамкъаргаш тӏунйийр йу вай. Дӏалацал маӏаш. Дала барт цхьаъ бойла вайн!
– Амин!
– Амин!
Йассайелла маӏаш Афаке дӏа а кховдийна, шен ӏаьржачу мекхех куьг а