веанчул тӏаьхьа аравоккхучул. Дуьххьалдӏа эрна хӏаллакьхир ду адам. Иза хуьлуьйтийла дац. Тӏаккха а доху-кх тхо махках. Керстанех дӏаэдинчу тхох цхьа бӏе шо хьовзале керстанаш хир ду. Хӏун дан деза? Туркойн махка кхалха деза? Муха буьтур бу вина мохк?
Коьртехь уьйриг хилла хьийзачу ойланаша хорам бина Сайдулла, хьала а иккхина, чухула чехка дӏасаволавелира. «Хӏун эр дара-те нохчийн тхьамданаша? Тхо-х, сагӏадоьхургаш санна, чӏана а девлла лела. Тхан-х сий дайна!»
– Ахь муьлха некъ къастор бара? – хаьттира цо Мусига, цӏеххьана цунна уллохь саца а сецна.
– Шун хьоле со хӏоьттина хилча, со Турце кхелхар вара.
– Амма цигахь а ма йу тхоьга хьоьжуш ӏожалла! – мохь белира ӏелахан. – Тхуна дика ма хаьа цига кхелхинчу эдагойх хилларг! Уьш, мозий санна, цигахь леш бу. Цара-х, мецачу ӏожаллин кӏелхьарбовла гӏерташ, шайн бераш духку!
– Хӏаъ, кӏелхӏитта тхов боцуш, йерзинчу стигал кӏел леш бу уьш цигахь, – тӏетайра Сайдулла. – Хӏан-хӏа, Муса, цул-м тхаьш динчу махкахь лийр ду тхо!
Муса кхоьрург цунна дуьхьалтуьйхира хьешаша. Амма дерригенна хьалххе кечдина жоьпаш дара цуьнан.
– Эдагашца шаьш ма дагардел ашшимма, – маслаӏат дан хӏоьттира иза. – Цкъа-делахь, уьш кхайкхаза биссина хьеший бу цига. Шолгӏа-делахь, цхьа а низам доцуш кхелхина уьш. Дуьххьалдӏа керстанаша хьийзош, махкахбевлла, шайн неӏар тӏе баьхкина бусалба вежарий дӏачовхо а ца тарделла, тӏеэцна уьш туркойн паччахьо. Уьш богӏур бу бохуш, царна меттиг кечйина ма ца ӏара иза. Цундела нисбелла уьш халачу хьоле.
– Тхуна шун кечдина ӏаш мила ву цигахь?
– Шуна ма-хаъара, кху аьхка вахана, Уьстамалахь бутт хан а йаьккхина, цхьа кӏира хьалха цӏа вирзина со. Султанан визир ӏела-Паша герггара доттагӏ ву сан. Тхойша цхьаьний султан ӏабдул-Межид волчу вахча, нохчех лаьцна къамел хилира тхан. Ас дийцира шуьга хӏоьттина ӏаьржа ӏазап. Ткъа шун майраллех а, шун турпалчу къийсамах а лаьцна, ас дийца ца оьшуш, царна шайна дика хаьара. Султанна чӏогӏа къахета шух. Цунна ца лаьа шен майра бусалба вежарий керстанаша хьийзабойла. Цунна ца лаьа шу, керстанашна йукъа а даржийна, Мухьаммадан умматах дӏакъастадойла. Цушимма тӏедиллира суна, нагахь шун барт хилахь,