Элана Тумановна ас йуха а тӏедиллина, гӏуллакх чӏогӏа къайлаха а, ларлуш а вайна тешаме болчу туземцашкахула долор, и гӏуллакх долор вайгахула хилар ламанхошна цахаийтар, мелхо а, царна гергахь вай уьш кхалхарна дуьхьалдолу кеп хӏотто йезар, нохчашна йуккъехь и политика дӏакхехьа а, кхалхаран гӏуллакх ма-дарра довзийта а цига йарташка полковник Муравьев командировать вар. Суна хетарехь, кху сахьта хӏоьттинчу хьолаца дуьстича, гӏуллакх ма-дарра царна довзийтича, вайн галдала хӏумма а дац, мелхо, тӏаьхьалонна уьш шаьш бехке а хуьлуш доьрзур ду. Кхетий хьо, вай иза ца дахь, гӏуллакх вайна цамоьттучу агӏор дерза тарло. Эло Тумановс шен тӏаьххьарчу кехат тӏехь йаздо соьга, Сайдуллас халкъе дӏакхайкхийна, нохчийн долахь долу цхьа коржам латта уьш дай болуш дац, цигара уьш дӏа а баьхна, иза оьрсашна дӏалур ду аьлла. Оцу эладитано, вайца машаре боцурш хьовха, вайна муьтӏахь хилла кӏелсевццарш а карзахбаьхна, боху. Майоро Ипполитовс йаздо, вайн ӏалашо кхочушйарехь Сайдулла нийсса харцахьа хьийза, цо бечу некъо нохчий Турце-м муххале а кхалхор бац, мелхо а, уьш гӏаттамна тӏебуьгур бу бохуш.
Хӏуъу хилахь а аьлла, ас инарле Тумановга омра дина, нагахь Сайдуллас нахана йуккъехь и эладитанаш леладахь, иза, Турце вахаран меттана, Россе гӏуриг хилар цуьнга дӏахаийта аьлла.
Карцов резавоцуш меттахъхьайра.
– Хӏаъ, Сайдулла кхераме стаг ву, – элира цо, корта а теӏош. – Цуьнан амалца иза бӏаьсте йаллалц Нохчийчохь витар вайна пайде хир дац. Суна хетарехь, шен наибан чинца сихха йа Турце, йа Россе дӏахьажо веза иза.
– Изза моьттуш со а ву, Александр Петрович.
– Инарло Кундуховс лелориг а ду со резавоцуш, шеконе гӏуллакх. Цхьана агӏор, кхалхор, цхьа а тайпа гал хӏума доцуш, машаре чекхдер ду бохуш, вай тешадо цо. Вукху агӏор, нохчий даррехь вайна дуьхьал гӏаттаме уьйъучу Сайдуллехьа гӏо доху. Ша цигахь коьрте вала, Малхбузе Кавказехь гӏаттам кечбеш ву-те иза?
Лорис-Меликовс, корта а хьийзош, куьг лестадора.
– Хӏан-хӏа, иза аьттехьа а дац, Александр Петрович! Хьуна моьттург цхьана а агӏор хила йишйоцуш гӏуллакх ду.