– Тӏаккха, Александр Петрович, ахь тӏеман министре деллачу запискина жоп дуй? – хаьттира Лорис-Меликовс.
– Хӏинцца, кху деношкахь кхаьчна-кх.
– Къобалдой цара вай долийнарг?
– Хӏунда ца до? Хьоьга ца кхаьчна ткъа Милютинан кехатан копи? Ас дӏа-м ма йаийтина иза. Хьо цӏера ваьллачу кхаьчна хир йу-кх.
Карцовс, стоьлан гӏутакх диллина, цу чуьра схьаэцна цхьа кехат Лорис-Меликовга кховдийра:
– Соьга дуьйцуьйтучул, айхьа дешахьа.
Тӏеман министерствон штамп тӏе а тоьхна, элпех чкъургаш йеш, хазачу хотӏаца йаздинчу кехат тӏехула сихха бӏаьргаш кхарстийра Лорис-Меликовс:
«Цуьнан Императорски Локхалле, Кавказски эскарийн Коьртакомандующига, Воккхачу Эле Михаил Николаевиче.
1864 шо, 3 ноябрь, № 190
Кху карарчу хенахь Кавказехь хӏоьттинчу хьолах лаьцна Кавказски Эскарийн Коьртачу Штабан Начальнико соьга деллачу записко гойту, – доьшура Лорис-Меликовс, – Нохчийчохь хуьлуш долу низамдацарш, карзахаллаш дӏадаха шиъ бен некъ цахилар: тӏетаьӏӏина, вуьшта аьлча, нагахь оьшуш меттиг нислахь, герзан ницкъаца, берриг а нохчий Теркан а, Соьлжан а аьрру агӏон тӏе кхалхор, церан махка тӏехь Сунженски гӏалгӏазкхийн 1-чуй, 2-чуй полкийн станицаш йахкар…»
– Александр Петрович, хӏара хӏун ду? Сайн записки тӏехь ас-м ма ца гайтинера, берриш а нохчий шайн махкара дӏабаха беза аьлла? – цецвелира Лорис-Меликов.
Карцовс бендоцуш куьг ластийра:
– Иза-м хӏумма а дацара! Ас сайггара тӏетоьхна. Хӏинца вайн бакъо йу-кх, нагахь оьшуш меттиг хилахь, уьш берриш а цигара дӏалахка.
Лорис-Меликов, белш саттийна, кхидӏа а деша вуьйлира:
«Йа, сих ца луш, хенан йохалла, шайн лаамехь арен тӏе кхалхорца, ламанца болу нохчий гӏелбар, царна Турце кхалхар марздар…»
– Вай схьалаьцна система, кхин тӏе а кхиош, дӏахьо, боху-кх цара?
– Доцца аьлча, нохчий лам чу гатте а хьийзош, бӏарзбар, вай гойтучу Гӏебарта йа Турце кхалхор – и шиъ бен царна кӏелхьарбовла кхин некъ цабитар.