– Амма сан гӏуллакх дӏатетта йиш йоцуш ду. Сан хан йац иза цигара цӏа верззалц ӏен. Хӏинца цо лун долчу жоьпах дозу нохчий кхалхо болоран гӏуллакх. Ткъа кху сохьта Нохчийчохь хӏоьттина хьал кхин хилча цамаггал кхераме ду. Мел жимачу гӏалато а, гӏуллакх бохамехьа дерзорца, вай итт баттахь хьегна къа тӏепаза дайъарна кхоьру со. Цул сов, хьомсара Александр Петрович, хӏара гӏуллакх дӏадолорхо вайшиъ хиларе терра, вайша жоп дала дезар ду хӏокхуьнан тӏаьхьалонах. Цундела дӏа мел дийриг, дика узуш, сих ца луш, дан лаьа суна.
– Хьо бакълоь, Михаил Тарелович. Со реза ву хьоьца. Амма кхеташ вац-кх бартах галдаьллачух. Хьан гӏуллакх дукха дахлур дуй?
– Хӏан-хӏа, цхьа сахьт хан тоьур йу суна.
Воккха Эла новкъавала кечвелла ӏаш карийра цаьршинна. Карцовс шаьшшиъ схьаваран бахьана дийцича, гӏеххьачул чам байра цунна.
– Хьуна ма-хаъара, хьомсара государь Михаил Тарелович, со некъана кечам бина ӏаш ву. Сан дехар ду хьоьга хьайн гӏуллакх сихха дийцар.
Шен дахаран дуккха а шераш европейски адамийн гонна йуккъехь даьхна воллушехь, азиатски гӏиллакхаш ца дуьту Лорис-Меликов, аьтту куьг даг тӏе а дуьллуш, лохха суждане вахара.
– Хьан Императорски Локхаллин пурбанца, нохчий кхалхоран хьокъехь къайлаха дийцарш дан Константинополе ваханчуьра цӏа вирзинчу Кундуховс соьга дийцира, туркойн правительство реза йу нохчийн пхи эзар доьзал кху тӏедогӏучу шарахь тӏеэца а, уьш Азиатски Турцин декъа тӏе Саганлук лома тӏера Топрак-кала, Мелизгерд, Патносехула дӏа Ван ӏома тӏе кхаччалц болчу махка тӏе охьаховшо а барт хилла шайн аьлла. Тӏаккха Кундуховс соьга хаьттира, нохчашна Турце кхалхар марздеш, уьш бӏаьстенан йуьххьехь, буц тӏейолучу хенахь, дӏахьовсо кечам хирриг гӏуллакх дӏадоло мегий ша. Амма Константинополехь хиллачу бартана резавоцчу ас, сайн резацахиларан бахьанаш Хьан Императорски Локкхалле дийццалц, гӏуллакх доло пурба ца делира цунна. Хьуна новкъарло хилахь а, пурба лохьа суна, ма-дарра дийца.
Хӏинцале а собар кхачо воьллачу Михаила доцца кхоьссира:
– Со ладугӏуш ву-кх хьоьга, хьомсара государь.