– Нийса бакъду иза, – тӏетайра Михаил Николаевич. – Оцу кампанехь инарлин Бебутовн кхиамаш хиларан коьрта бахьана, суна хетарехь, цуьнан тӏеман говзалла лакхара хилар доцуш, ткъа вайн аьтто бинарг цигара мохк, бахархой цунна герггара бевзаш хилар, царах пайдаэца хаар дара.
Лорис-Меликовн горга йуьхь йекхайелира:
– Хьан Императорски Локхалло нийсса схьаэли со ала гӏертарг, – корта таӏийра цо. – Амма цигахь нохчийн пхи эзар доьзал хиллехь, буххенца кхин сурт хӏуттург хиларан цхьа а тайпа шеко йацара. Партизански тӏамна, лаьмнашкахь-хьаннашкахь бечу тӏамна нохчел говза нах бац тахана дуьненахь. Иттаннаш шерашкахь Нохчийчохь хаддаза лаьттинчу тӏамо зийна бакъдерг ду иза. Церан майралла а, аьрхалла а вайна дика йевза. Хӏинца ойла йел шайна, Нохчийчуьра уггар карзахе, вайца цкъа а машар хин боцу пхи эзар доьзал туркойн правительствос вайн дозанца областашка баха охьахаийча, хинйолчу тӏаьхьалонан.
Михаил Николаевича, резахилла, корта теӏабора. Лорис-Меликовс дуьйцу бакъдерг хьалххе ца гина штабан начальник, шена хьалха ӏуьллучу цӏеначу кехат тӏе къоламца цхьацца суьрташ дохкуш, тийна ӏара.
– Туркошца вайн тӏом болабелча, вайн эскарш ког дӏатаса-м дуьтур дацара цара! – и шиъ вист ца хуьлий хиъча, шен къамел йуха а дӏадолийра Лорис-Меликовс. – Кегийчу гӏеранашка а бекъабелла, хаддаза тӏелатарш деш, дерриг а некъаш кхерамна кӏел латтор дара цара, цкъа. Тӏаккха вайн дезар дара, туркошна дуьхьалбаьккхина цхьаьнатоьхна ницкъ, дакъошка а бекъна, оцу гӏеранашна дуьхьалбаккха. Шеко йац, тӏейогӏучу хенахь вай дӏадолийна муьлхха а гӏуллакх цара сецориг хиларан. Шолгӏа, нохчаша атта шайна тӏаьхьахӏиттор бара туркойн агӏонгахьара курдой хьовха, вайниш а. Бандитийн барт атта ма хуьлу. Йа уьш, шайна тӏаьхьа а хӏиттийна, вайна дуьхьал ца бахалахь а, амма, хӏинццалц санна, курдойн баьччанаш вайгахьа буьйлучуьра атта совцор бара. Иза, цхьа а тайпа шеко йоцуш, бакъдерг ду. Кхин кӏезиг кхерам хир бацара вайна машаран хенахь а.