буьллуьйту шайн махка тӏе. Цундела туркоша царна гӏо ца до. Вуьшта, багахь моз-м дутту. Кху дуьненахь мел дерг шаьш царна дӏалур ду моттуьйту. Шайх Мансурна а, Бийболатна а моттийтира. Амма хӏинццалц схьа, кху дезткъа шарахь цара цӏий ӏенош, царна гӏоьнна цхьа хьостам а белла бац. Йа хӏинцачул тӏаьхьа бала ойла а йац. Хабар-м дуьйцур ду. Цунах ма олу политика, дипломати.
Ткъа хӏинца уьш шаьш тӏегӏерта. Курачу нохчаша шаьш хӏусаме дитар доьху туркошка. Иштта пусар доцуш кхуза кхелхина малхбузера ламанхой а.
Кавказера бусалба ламанхой чӏогӏа оьшу туркойн ӏедална. Кху тӏаьххьарчу заманахь карзахбевлла Балканера керстанаш. Оттоманан имперех дӏакъаьстина Греци, Серби, Дунайн олаллаш. Туркойн неӏалт хиллачу мостагӏчун Россин болх бу иза. Болгарех а изза дан гӏерта Александр ӏӏ-ниг. Ткъа Кавказехь? Дӏахудуш, къамкъаргехула ах чоьхьайаьккхинчу хенахь, озийна багара дӏа а йаьккхина, бити. Массанхьа а, массо хенахь а Портана новкъагӏерта Росси. Хӏинца туркойн махка тӏехь беха гуьржий а, эрмалой а шайх дӏатоха а гӏерта. Питанаш туьйсу царний, туркошний йуккъе. Амма царна дан хӏума а ду ӏела-Пашин. Хьалха схьакхелхина ламанхой Болгаре хьовсийра цара. Бакъду, кӏезиг бара уьш. Оьрсаша туьрций, цӏарций церан даймахкара дӏалаьхкина, цхьа а тайпа низам доцуш, бевдда кхуза баьхкина ах миллион ламанхой, берриш бохург санна, хӏаллакьхуьлуш бу.
Дӏасалелла кӏадвелла ӏела-Паша, диван тӏе а вахана, бархатан кӏеда назбар кӏел а оьзна, дӏа а тевжаш, охьахиира. Цуьнан бӏаьргашна хьалха хӏуьттура ша Ач-кале а, Сары-кале а ваханчу хенахь Кавказан эмигрантийн цигарчу лагершкахь шена гина сурт. Декъий. Дийна адамаш-декъий… Цхьа шатайпа боьха хьожа. И хьожа хӏинца а шен мерах кхетча санна, муцӏар чӏачкъийра цо…
…Малхбузера ламанхой Турце кхалхор европейски пачхьалкхийн йукъарчу политикин коьртачу гӏуллакхех цхьаъ хилла дӏахӏоьттинера. Амма царах цхьаннен а бала бацара ламанхойн кхолламца. Россина дуьхьал шайн политикин, дипломатин, тӏеман къийсамашкахь Турцис а, Европас а къинхетамза, говза пайдаоьцура ламанхойн шайн къоман маршонехьа боламех.
Ламанхойн къийсам эшамца чекхбаьлча, уьш