бевдда эзарнаш гӏалгӏазкхий тӏеийцира оха. Церан а, вукхеран а тӏаьхьенаш хӏинца а йеха тхан махкахь. Европин монархаша революцеш хьошуш, церан дакъалацархошна тоьпаш йетта, ирхъохка болийча, «цӏийна сутарчу» туркоша шайн махкахь туш делира французашна, венграшна, австрийцашна, полякашна, немцошна. Шун правительствос эхьечу тешнабехкаца полякийн революционераш таӏзарна австрийцийн ӏедалан кара дӏалучу хенахь ду хьуна иза. Аш лоьллуш, хьийзош, Европин цхьана а пачхьалкхо тӏе ца лоцуш лелачу поэтна Мицкевична, кхин дуккха а полякашна туш карийра «туркой-варварийн» махкахь. Кхузахь, Стамбулехь, ду цуьнан каш. Хӏинца хӏун до аш? Йуьхьанца Малхбузе Кавказерчу ламанхойн ткъе пхи эзар доьзал тӏеэцар дийхира аш тхоьга. Тхо резахилира. Амма царна тӏаьххье, цхьа а низам доцуш, аш талийна чӏанабаьхна ах миллион ламанхой таттабели тхан махка. Царна хьалха неӏ тӏечӏагӏар адамалле ца хийтира тхуна. Хӏинца нохчийн пхи эзар доьзал тӏеэцахьара а, боху. Тӏеэцча а, ӏай ткъа! Тхан махкахь уьш дӏатарбан меттиг гайта а гӏерта. Хӏара хӏун ду ша, дан мукъане а? Йуккъерчу бӏешерашкахь дуьйна схьа европейцаша хьийзош, бӏарзбина, махках баьхна керстанаш, иудейш, бусалбанаш, мунепакъаш цхьана оха тӏелаца безаш хили-кх! Хӏара тхан мохк-м Нохьа-пайхамаран кемане бирзи. Хӏетте а, оха «хьийзо» керстанаш ларбан гӏерта европейцаш. Ойла йел аш тӏаккха, шаьш тхол къиза варварш хилла карор ду шуна. Ткъа ахь, хьомсара граф, хьан правительствос ойла йиний-те, жӏаьлина кхоьссина даьӏахк санна, шаьш тхуна схьакхийсина миллион адам оха мича, муха дӏатардан дезаран? Царна латта, тхов, кхача а ма беза! Аш мел хьовзийнарг оха иштта дуьхьало йоцуш тӏеэцча, кхана ӏуьйрре Йуккъерчу Азера туркойн къаьмнаш а хӏуьттур ма ду тхан неӏаре. Хӏинца цига ма гӏоьртина шу. Шайна нехан латта дезахь, цигарчу халкъашца а тарло. Хӏинццалц муха хилла? Мохк – шуна, къаьмнаш – тхуна. Иштта тарлур дац, хьомсара граф! Тхуна ца оьшу и шун разбойникаш нохчий. Цигахь ца тарлучу цара, схьабаьхкича, кхузахь ден дерг Ша Аллахӏ воцчунна хаац!
Цӏа чохь тийналла хӏоьттира, шен дагара а ӏеттийна, паргӏатваьлла ӏела-Паша гӏайби тӏе