Эло Святополк-Мирскийс ойла ца йеш диначу оцу гӏуллакхаша Владикавказан 2-чу полкан гӏалгӏазкхий а, нохчий а йоццачу хенахь а цхьаьна тарлур боцчу хьелашка хӏиттийна. Хьалха ас ма-аллара, шен планаш кхочушйан воьллачу графо Евдокимовс лакхахь буьйцу нохчий лаьмнашкара охьа арен тӏе кхалхо болийнера…»
– Йуха а – аьшпаш! Нохчий арен тӏе кхалхор Евдокимов цига хӏоттавале долийнера!
«…кхидӏа а уьш Гӏебарта кхалхо дагахь, церан махка тӏе гӏалгӏазкхийн станицаш йехкира Евдокимовс. Ткъа гӏебартой Турце ца кхалхош совцор бахьанехь, шайн махкахь 70 квадрате миль лаьтта тӏехь бисина инзаречу гаттехь бохкучу нохчаша бахам кхиор бу бохург-м хьехочохь а дацара, йуьззина мацалла хӏуттур йу цаьрга. Цхьа а бӏаьсте чекх ца йолу йарташна йуккъехь дов ца долуш, вовшах ца леташ, вер-ваккхар ца хуьлуш. Арен тӏехь латта доцуш бисина дуккха а нах шаьш хьалха вай герзан ницкъашца охьабаьхначу лаьмнашка къайллаха йухаоьху, тӏаккха цигара уьш нуьцкъаха охьабаха дезаш хуьлу…»
– Хӏокхо дийцарехь, кху областехь баьхна кхиамаш берриш а Евдокимов бахьанехь хуьлу, – ца вешаш, чӏичкъавахара Лорис-Меликов. – Ткъа со тӏехьа, ӏиндагӏе, тоьтту. Нагахь хӏокхо йуьйцу ойланаш а, кхиамаш а баккъал Евдокимовн хиллехь, инарла Кундухов Нохчийн округан начальник хӏунда хӏоттийнера цо? Хетарехь, Аргунски а, Ичкерински а округашкахь хиллачу Евдокимовс, нохчашна хьалха цӏога лесто ойла йолуш, царна тӏе Кундухов хӏоттийна.