гӏулч ма йаьккхина ас.
Маркса корта ластийра:
– Гал ву хьо, Бакунин. Ахь славянашка немцошций, венграшций цхьана барте кхайкхарх, хьох интернационалист ма ца хуьлу. Ахь хьесапе ца оьцу пролетариатан революционни ницкъ а, цуьнан гегемони а. Хьан «ахархойн социализм» дуьххьалдӏа утопи йу. Ткъа ахь кхайкхо славянски федераци кхолларан лозунг, буххенца бӏаьрзе хилла ца ӏаш, зуламе йу.
– Хӏунда? – цецвелира Бакунин.
– Славянски федераци кхоллалур ма йац, Европин карти тӏера Турций, Венгрий, ах Германий дӏа ца йаьккхича. Цигара схьахедийна мехкаш Россина тӏехотта дезаш хуьлу.
– Ой, и идей кхочушхилча, ши пайда ма хуьлу: славянаш ӏазапех хьалхабахар а, реакционни Австрий, Турций гӏелйар а!
– Тӏаьхьалонан ойла йан а йой ахь? – стоьла тӏе а таьӏаш, хьалхакхевдира Маркс. – Славянски федерацин коьрте паччахьан Росси хӏуттург хиларан? Цуьнан ницкъ кхин иттазза стамлург хиларан? Цул тӏаьхьа, шайн тӏехиндерг чӏагӏдархьама, йерриг Европа кога кӏел йерзо дезар дара славянийн. Шен долахь бархӏ бӏе эзар цхьамза болу панславизм, динан символ йолчуьра дӏа а йаьлла, политически программе йирзина тахана. Европина хьалха альтернатива хӏоттийна цо – йа славянашна кӏелсацар, йа славянийн тӏелатаран ницкъан центр йолу Росси гуттаренна а йохийна дӏайаккхар!
Бакунина, вист ца хуьлуш, схьаэцна, цигаьрка латийра.
– Цул сов, хьомсара Бакунин, Россехь хуьлучу цхьадолчу гӏуллакхашка бӏаьргаш хьаббина хьуьйсу шу.
– Оха, йа къаьсттана аьлча, асий, Герцений тхайн ницкъ кхочург дина, гӏевттинчу полякашкахьа гӏо доккхуш, царизмо махкал чоьхьа а, арахьа а дӏакхоьхьу эхье политика ӏорайоккхуш. Суна хетарехь, революцин гӏуллакхна кӏезиг гӏо дац иза.
– Оцу тӏехь оха доккха баркалла олу шуна. Европа шайга идиотски хьежначу паччахьан Россис польски гӏаттам хьашар а, Кавказ дӏалацар а кху тӏаьххьарчу шовзткъе итт шарахь хиллачех уггар доккхачу маьӏнин ши гӏуллакх лору ас.
Бакунина, ца кхеташ, белш хьалатуьйхира:
– Полякех лаьцна-м иштта ала догӏура иза, амма Кавказан ламанхой… Иэшарий-те и бодане ламанхой революционни кхетам болчу полякашца цхьана магӏара хӏитто?
Маркс, шен кӏайн цергаш гучу а йохуш,