Оьрсийн царизман толам революцин а, демократин а эшам бу. Оьрсийн царизман эшам революцин а, демократин а толам бу. Кавказан ламанхойн къийсам бахьана долуш, тӏаьххьарчу кхузткъа шарахь цигахь лаххара а кхо бӏе эзар салти латто дийзира царизман. Иза доккха гӏо дара европейски революцина а, шайн лоллина дуьхьал къийсам латточу оьрсийн ахархошна а. Цундела оьрсийн царизмана дуьхьалбаьккхина муьлхха а ницкъ декъалбар вайн, революционерийн, сийлахь декхар ду.
– Суна хетарехь, хьомсара Карл, тхуна даггара лиъна Польшехь а, Венгрехь а оьрсийн царизман эшамаш хуьлийла.
– Бакъду иза. Амма шуна лаац царизм массанхьа а оьшийла. Масала, тӏаьххьара хиллачу оьрсийн-туркойн тӏамехь. И тӏом шина а агӏорхьара агрессивни ӏалашонашца бара. Хӏетте а, суна даггара лиира цигахь Росси оьшийла. Оцу тӏамехь тоьллехьара, Россин ницкъ, йа, вуьшта аьлча, революцин мостагӏчун ницкъ, шозза алсамболура. Цхьадика, и ца хилира. Дуьххьалдӏа хӏунда ца олу иза, шун мехкан прогрессивни интеллигенцин дукхахдолчу декъана ца тайра оцу тӏамехь Россин кхиамаш цахилар. Цигахь хьуьнарш гайтина инарлаш хесто лиънарш а гучубевлира. Доцца аьлча, шайн даймехкан тешаме кӏентий ду шу. Шун доглозу шайн крепостни ахархойх. Аш къинхетамза ӏорадоху эхье крепостни долалла. Шу орцахдовлу Оттомански имперехь ӏазап хьоьгучу славянашна. Шу орцахдевлира гӏевттинчу грекашна а. Уьш шайца православин цхьана динехь хиларна а, Россин мостагӏчунна, Турцина, дуьхьал уьш гӏовттарна а. Амма оьрсийн царизмо кху тӏаьххьарчу кхузткъа шарахь Кавказан лаьмнашкахь лелочу варварски гӏулакхашка бендоцуш хьуьйсу. Цо бӏарздина, даймахках даьхна, лаххьаделла Турце кхелхачу масех чергазийн къомах доглезна, аш дош олуш ца хезна суна, хӏунда аьлча уьш шун цӏийх, шуьца цхьана динехь бац. Уьш азиаташ, басурманаш бу. Хӏан-хӏа, хьомсара Бакунин, хьан революционни хьежарш цхьаьна ца догӏу коммунистически идейшца.
Чуваьллачу Энгельса йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.
– Охӏ! Бакунин а ву кхузахь?! Ма дика ду хӏара!
Бакунине куьг а ца луш, шен шляпа а, трост а вешалкех хьала а оьллина, мукъачу гӏанта охьахиира Энгельс.
– Шуьшинна гина ткъа? – хаьттира Маркса.