Немцойн цӏийца а, ахчанца а лоллехь латтайо Ломбарди, Венеци. Германис дакъалоцуш, цуьнан цамзанийн, тангӏалкхийн, набахтийн гӏоьнца хьоьшу Италехь мел хуьлу маршонехьа болам. Мел дукха ду и зуламаш, къинош. Цадийцар гӏолехь хета. Германин гӏоьнца немцойн правительствоша кхечу мехкашкахь диначу эхьечу гӏуллакхийн бехк, доккхачу декъана, немцойн халкъана тӏехь буьсу. И халкъ бӏаьрзе ца хиллехьара, иза, ландскнехт хилла, «догдикачу» чаьлтачийн гӏуллакх кхочушдан кийча ца хиллехьара – уьш дерриг ца хиллехьара, дозанал арахьа «немцо» боху дош уггар боккхачу цабезамца, неӏалтца, жергаллица олуш хир дацара, ткъа Германис лолле дерзийна халкъаш тоххарехь маьрша кхуьуш хир дара. Лулара халкъашна маршо йаларе терра бен ша маьрша хир йац Германи. Цхьана а пачхьалкхна арахьа демократин политика дӏайахьалур йац, нагахь чоьхьа оцу демократин куьйгаш, когаш дихкина делахь. Цундела, хьомсара Михаил, шайн правительствийн зуламечу гӏуллакхех шен халкъо жоп ца ло боху стаг чӏогӏа гӏалат ву.
Чохь цхьана минотана тийналла хӏоьттира.
– Бакълоь хьо, Фред, – элира Маркса, и тийналла йахйала йоьлча. – Адамаллин исторехь бекхам бу лелаш. И бекхам кхуллурш а, кхочушбийраш а зуламхоша ӏазапехь далло адам ца хуьлу, ткъа царна тӏехь и ӏазап латточу зуламхоша шаьш шайна кхуллу. Масала, французийн монархина дуьххьара тохар цо ӏазапехь баллочу ахархоша ца дира, ткъа оцу монархин гӏортор хилла лаьттинчу дворянаша дира. Индехь хийрачу олаллина дуьхьал гӏаттам англичанаша талийна, бӏарзбина, лечу хьоле баьхначу райяташа ца болийра, ткъа англичанаша тӏедухуш, даош, кахьоькхуш хьистина, бузийна, барстийна хьерабаьхначу сипайша болийра. Шайн колонешкахь шаьш-шайна каш оьхку колонизаторша. Ткъа немцойн халкъах дерг аьлча, шен бӏаьрзаллин, шайн къораллин амал бахьана долуш, хийла бекхам такха дезар ду цуьнан.
– Хӏун дийр ду ткъа, доттагӏий, – куьг кховдийра Бакунина. – Вайх хӏораннан а шен-шен кхетам, идейш, принципаш йу-кх. Цкъацкъа цхьаьнайогӏу уьш, галморзахаллаш хилаза а йисац. Хӏоранна а шен-шениг ӏама а, нисвала а тӏаьхьа дац, моьтту суна. Ницкъ ма-кхоччу нисвала хьожур ву-кх.