Муьлххачу а цхьана халкъан амалх,
хьекъалх кхетархьама, хаа деза
дӏаихначу шерашкахь цуьнан дегӏан
чидамечу меженаша хӏун лайна, хӏун
инзаре бохамаш, ерчонаш ган, баланаш
ӏийша дезна, стен артдина цуьнан хьекъал, кхетам.
Н. В. Шелгунов
Адамашка цхьа бохам беача, къаьсттий карзахдолу ӏалам а. Йа, царна хиллачу бохаман дакъа кхочий, дарлой, гӏеллой, угӏуш хьаьвза а хаац, йа, адамаша шен пусар цадарна, хаддаза шена тӏехь латточу къизаллина бекхам эца гӏотту а хаац.
Иштта деара хӏара шо а. Карзахе, йокъане йара дӏайахана аьхке. Буькъачу бодано хьулдинера гондӏара лаьмнаш. Ца гора къилбаседехьара шера аре а. Товно йагийнера догӏанах догдиллина ораматаш. Кхарзаделлачу лаьтта тӏехула хьийзара довха хӏаваъ. Йокъано даржийначу дехкаша орамаш цоьстура маргӏалйелла лоьдгаш охкийна лаьттачу можачу хьаьжкӏийн. Кхаш тӏехула марха а хӏоттийна хьийзара къилбехьара схьаоьху цӏоз. Цамгаро хӏаллакдинера даьхний. Дӏа араваьлла хьаьжча, урамашца, некъашца аддам горий ткъа?! Атталла жӏаьлеш а – тӏехволучунна гӏалх ала а мало йеш, мацалло а, йовхоно а гӏелдина, ӏиндагӏашкахь, чожош чу а егна, чохь синош доцуш санна, дӏа а деттаделла ӏохкура уьш.
Массо садолчу хӏумано сатуьйсура догӏане. Амма и ца деара, йалташ а, буц а йакъайелла, йаьгна дӏайаьллачул тӏаьхьа бен.
Бохамашна аьхкенца къуьйсуш санна, буьрса тӏедеара ӏа а. Цхьа кӏира дара цкъа, дулий, де-буьйса лоций, семса ло дуьллуш, тӏаккха чехкачу махо иза, хӏаваэ ойъий, лоьллуш, бӏаьрг белла меттиг ца буьтуш, дуьне ма-дду хоьхкуш. Цо дуькънера йарташна йуккъера некъаш. Цо кӏелхьарчийнера коьллийн керташ. Месала кӏайн куйнаш тӏеоьхкича санна, лаьтта йуьйцинчу кертийн хьокхий, кевнашкара утармаш а. Буьйсанан тийналла йохайора лайн дозаллина кӏел «тӏаххехь» лелхаш, кеглуш охьадетталучу диттийн гаьннаша. Лайн саьнгарша дӏадуькънера йуьртара гаттий, гомий урамаш.
Шелоно хьовзийна йурт дӏатуьйра маьркӏажан бодашца. Яьссил дехьара схьахьаьжча, серло ца гора иттех цӏа чохь а.
Амма тховса сема ду Шахьбин кертахь. Арахь шийла дарц хьийза. Цуьнца къуьйсуш йогу рагӏун маьӏӏехь, мох ца кхеттехь, стаммийчу