даймохк шун бац, иза гаурша шуьгара дӏабаьккхина. Шу, Сибрех дигна, даржор ду, керста дине дирзина, шун къам довр ду, боху. Шу, шен махка дагӏахь, дерриш а цхьана гулахь даха ховшор ду, тӏаккха шун аьтто хир бу шайн къам, гӏиллакхаш, дин ӏалашдан. Шен тӏома кӏел мел ду, дуьненан цхьана а паччахьера кхерам хир бац шуна, боху…
– Кехат – кехат ма ду, Мада, – вистхилира йуха а Ибрахӏим. – Цунах тешна, цига вахар ма ду доккха хӏума. Тӏехула тӏе, стохка цига кхелхина эдагий, берриш бохург санна, мацаллой, уьной хӏаллакбина бохуш а дуьйцу. Изза ма хилахьара вайнахах а.
– Эдагошца дерг ша ду, – иза йукъахваьккхира Нуркишас. – Цкъа-делахь, уьш оьрсийн эскарша, лаьхккина, хӏорда йисте а бигна, цхьа а тайпа низам а, йа дӏогахь бухахь бина кечам а боцуш, атталла шайн сал-пал схьаэца а ца кхиош, бахана цига. Сила долу адам дан а деана шен махка охьадоьссича, уьш дӏатарбан а, церан доладан а ца кхиавелла Хонкаран паччахь. Вайниг ша ду. Дӏайаханчу аьхка Уьстамала а вахана, цигахь Хонкаран паччахьца вайн гӏуллакх дийцина, цӏа веана хӏирийн Муса. Ӏабдул-Межеда шен кехат тӏехь ма-йаздарра, цигахь вай тӏеэца кечам беш бу цигара вайн бусалба вежарий.
– Цул сов, Сайдуллас дийцарехь, цхьа таронаш йоцчарна некъана харжана аьлла, Хонкаран паччахьо гӏоьнна даийтина ахча а ду, боху. Оьрсийн ӏедало гӏо даре догдохуьйла а йу.
Цӏа чохь гӏовгӏанаш йевлира.
– Бертиг йаьстина, чухьаьжча, хуур ду-кх аьлла, боху, мацахлерчо а.
– Дахана дӏакхаьчча, хуур дара-кх!
– Деллахьа, ма хала дара-кх, оцу хабарех тешна, со махках валийта.
Мӏаьчиг, вист ца хуьлуш, хӏоьттина лаьттара. Хӏинца иза ца гӏертара хьеший ган. Цо дахдина лаг, меттадеана ца ӏаш, белшашна йуккъе охьа чутоьхча санна, хебна, дацделлера. Малйелла, йегайора настарш а. Ма боккха болх бу-кх кхузахь хӏара къаьхьа баланаш ӏийшар! Амма, муха вер ву винчу йуьртах, махках?
Мӏаьчигна ца хезара мурдаша долийна керла зуькар. Ца хиира ша араволуш а.
Ойланаша дӏалаьцна иза меттавалийра, кертал араваьлча, цуьнан йуьхьах а хьаьрчаш, кочах чухьаьддачу лайн шийлачу дарцо…