дӏа а йаккхий, паргӏатвалал.
– Цӏа вогӏург хир ву иза?
– Аьрзу бахий ахь? Хаац, тахана-кхана кхача мега.
Шена тӏера дабагӏа динчу кхекхийн тиша кетар, когара летийна йеза эткаш дӏа а йаьхна, маьнги йисте охьа а хиъна, Андрейгара аганан гӏаж схьаийцира Яшкас.
– Тӏаккха, ӏела, кхушара йалташ муха хили шуна? Кхузахь а йу, бохура, йоккха йокъа?
– Йокъа хилла ца ӏара и, Андри. Дуьххьалдӏа латта, кхарзаделла, паста санна, лилхинера. Цхьаннахьа а гуш соьналла-м, дера, йацара. Халла хилларг а хӏаллакдира стигалахь бода бина деанчу цӏазо. Хаац, Далла хьалха оцу таӏзарна тхо мича бехке хиллера. Молланаша бохура, тхан ӏесаллина Дала боссийна бала бу иза. Далла хьалха а, ӏедална хьалха а вонаш хилла-кх тхо пекъарш. Доцца аьлча, гӏуллакхаш доьхна ду. Дерриг галдаьккхина латта кӏезиг хиларо. Тхан долахь дисинарг а дац дуьйш-дерзо мегаш а. Къена хьаннаш, бердаш, токхамаш. Дукхахдерг – саз-латта. Халла лаьттах хьалайаьлларг а мажлой дӏахӏутту. Адам, бохий ахь, дукха ӏаьӏна. Тхо ца леш а, йа бераш дебаш а дац иза. Хьалха Теркаций, Соьлжиций хиллачу нохчийн йарташкара нах, ӏедало шайгара мохк дӏабаьккхича, дукхахберш кхелхина тхуна йукъа, лам чу, баьхкина. Тӏекӏел кху кӏажахь дохку-кх. Хӏинца бӏаьсте йаьлча, кхузара а дӏадоху, боху. Тхо Сибрех а кхалхийна, кхуза гӏазкхий балор бу бохуш, дуьйцу. Цундела дуккха а нах Хонкара кхалха кечлуш бу.
Кху тӏаьххьарчу хенахь станицашкахь, дӏа мел ваьллачохь а, ши стаг цхьаьна мел кхеттачохь а, нохчий Турце кхалха кечлуш бу бохуш, хезара. Амма билггалдерг цхьанне а ца хаьара. Цхьаберш баккхийбера нохчий кхалхош, амма дукхахболчу гӏалгӏазкхийн дегнаш лозура царах. Гора цаьргара ӏазап, гӏело. Ткъа цунна бехке шаьш хетаро дегнаш огура.
– Баккъал а аьлча, и хӏун ду, ва ӏела? Со кхетавехьа цунах.
– Кхин дан а дац. Тхайга хӏоьттинчу къоьллой, мацаллой бӏарздина лела-кх. Тхоьгара дӏадаьккхина уггар тоьлла латта шун гӏалгӏазкхашний, тхоьца хиллачу тӏамехь шена гӏо динчу тхан къомах йевллачу цхьацца писашний декъна шун ӏедало. Оццул мохк ца оьшура гӏалгӏазкхашна. Церан долара ах мохк, цхьаммо а оьцуш дезар доцуш, тӏе къух даьлла лаьтта. Ткъа тхо, латта ца тоьуш, мацалла