– Лаьмнашкахь мичара хезар дара керланиг? Уьш кхузара, Владикавказера, дӏа ма кхочу тхоьга. Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тарелович, хьайн гӏуллакхаш муха ду?
– Хӏун аьлла жоп лур дара хьуна? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна. Жамӏаш дан тӏех кӏезиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг кӏезиг ду.
– Цуьнан императоран воккхалло империн уггар хала а, чолхе а область йелла хьан кара. Цо гойту, иза хьох чӏогӏа тешаш а, догйовха а хилар.
Цхьана минотана коьртера дӏайевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира. Лорис-Меликов, везза хьала а гӏеттина, доца ши куьг тӏехьа а диллина, кегийра гӏулчаш йохуш, чухула дӏасаволавелира.
– Бакъдерг аьлча, Муса Алхазович, государь-императоро и тешам сайна баларх дозалла до ас. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац хӏара шайтӏанийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий. Кхузара тӏом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. Хӏокхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла тӏеэцна, дуьхьало йоцуш ӏедална текхамаш а бо… Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапаргӏат дийцалац соьга.