Шина гӏалгӏазкхичо, буйнаш бина чукхоссавала кийча хьалхакхийдаш, охьа а таьӏна, готуьйсура.
– Вежарий! И мезаша йуьзна нохчийн тӏуьйлиг бахьана долуш, вовшийн диркхаш ата дохку шу? – маслаӏатна йукъавуьйлира дика вухавелла лекха гӏалгӏазкхи. – Дӏасакъаста ший а!
– Йохор-м хӏунда хьехадора, делла охьаэггалц летар-м ду!
– Муьлш?
– Тхо!
– Писаш!
– Цӏубдарш!
Шина тобане бекъалуш, лата кечбелла гӏалгӏазкхий совцийра оццу минотехь правленин цӏеношкара ара уча ваьллачу станични атамано полковнико Беллика.
– Хӏорш хӏун гӏовгӏанаш йу? – буьрса мохь туьйхира цо, цӏоцкъамаш дусийна. Шина а буйнахь тапчанаш йолуш, ворданна уллохь лаьтта ӏела а гина, тӏаккха цуьнгахьа вирзира иза: – Хӏара мила ву?
– Хьан сийлалла, иза нохчо ву, цхьана эшамо вайн станице валийна, – элира, тобанах къаьстина, хьалхаваьллачу беркъачу гӏалгӏазкхичо. – Хӏара цхьа масех станичник, цунна йетта барт бина, тӏегӏерта. Вайн станицина хьовха, берриг Теркан гӏалгӏазкхашна эхь ма ду иза, ваьшка веанчу стагана йеттар. Хьуна ма-хаъара, хьан сийлалла, нохчаша цкъа а ца долуьйту ишттаниг шайгара.
– Бакълоь хьо, Пантелей, – тӏетайра Беллик. – Йоккха майралла йац цхьаннах масех латар. Цул сов, нохчий, шайца вай бертахь даха дезаш лулахой хилла ца ӏаш, ткъа, вай санна, Цуьнан Императорски Воккхаллин ӏедална кӏел нах бу. Тӏом чекхбаьлла, вай цаьрца бертахь даха деза. Мила вара дов долийнарг?
– Мила хир вара и? Фролов ву-кх. Корней нохчочуьнгахьа гӏо доккхуш вара.
– Дика дац, Фролов, ахь лелориг. Хьан цӏийнехь товш дац иза, –Фроловна пӏелг ластийра Беллика. – Машарца вайна тӏевеанчу стеган некъ хадийча, ас могуьйтур дац. Ткъа ахь, Корней, хьошалла де хьайн нохчочунна!
– Собар де ахь, гирзаш даьлла жӏаьла! Хӏара де цкъа ас марах доккхур ду хьуна! – цергаш хьакхийра Фроловс, полковнико букъ берзошшехь. – Ткъа хьуна, Никифорович, и хьан беха мотт схьа а хадийна, вукхахьа ца боллахь, со Фролов вац хьуна!
– Господи, ма хала лелар ву-кх со хьох кхоьруш! – цунах цаваьшна, йуьхь чӏачкъийра Пантелейс. – Ворта стомма хиларх, хадор йолуш ду хьуна сан тур! Хьайна корта безахь, хьайн ши куьг, зударийн мотт а сацабелахь.