меллаша схьаӏийдалучу тӏадамашка дирзина бӏаьрхиш беснеш тӏехула охьахьаьлхира. Цунна дага ца догӏура уьш ловчкъо. Ма чӏогӏа лаьара цунна, и бой хӏинцца коьрта а тиллина, ша леррина ларбеш лелочу куьзганан бӏаьрга хьажа! Амма цо сатухур ду божарий арабовллалц. Тӏаккха, коьрта а тиллина, дог ӏаббош хьоьжур йу цуьнга. Лулахошка а гойтур йу, иза а тиллина хи тӏе а гӏур йу. Шайн оьрсийн доттагӏчун зудчо совгӏатана йаийтина бохуш, дозалла дийр ду.
Хьесан чимчаргӏашца бертигашна тикманаш йаьхна цӏен ши этка Яшкин гӏоьнца кога а оьзна, чухула дӏасаволавелира ӏумар а. Тахана дуьххьара мачашна чуваьлла иза, кӏегашна тӏейаьлла нӏаьна санна, когаш лаккха хьала а уьйъуш, ларлуш охьа а бохкуш, цхьа тамашийна, беламе волавелира.
– Хӏинца шарбал хилчахьана, кӏантана-м зуда йало а мегар ду, – воьлура ӏела, шена хилла хазахетар кхидӏа лечкъо ницкъ а ца тоьъна.
Ӏела дуьнен чу ваьлчахьана, тахана и дуьххьара хазахетар деанера цуьнан мискачу хӏусаме…
Хӏетта чубуза регӏа тӏе лахбеллачу ӏаьнан маьлхан шийлачу зӏаьнарша оцу дийнахь тӏаьххьара хьоьстура лайн шаршу кӏел къайладаьлла ӏалам. Суьйренан шелоно лергийн тӏилдигаш а, меран буьхьиг а, беснеш а къийзайора, ира маха ӏитталуш санна. Амма ламанан цӏена хӏо дегӏана там беш дара. Хӏетте а, йуьртан гомачу, гаттийчу урамашкахь дӏасалелаш адамаш а, суьйранна хи тӏе лоьхкуш хьайбанаш а гора. Шелонна чидам боцу гомашаш, хи мелла йовллушехь, цӏа уьдура, шайн даккхийчу, дезачу догӏмашца кхийсалуш.
Охьа чохь эвла йуккъехь, йуьрта тӏехула стигала ира бухь кховдийна, лаьттара маьждиган момсар. Говза цостуш тӏулг буьллуш диначу доккхачу маьждигна хьалхарчу йеакӏов майданан пхьоьхана гуллуш бара нах. Кхуза пхьоьхана а, хин коьрте а дохьура наха дерриг а эладитанаш, керла хабарш. Кхузара йуьртан хӏор а цӏа чу дӏаса а даьржара уьш.
Лакхо гу тӏехь севцинчу хьешашна, керайуккъе йиллича санна, шера гора жима йурт, охьа тогӏи чухула лекхачу бердашца а, шина агӏор тӏетеӏачу шашца а къуьйсуш, дарделла гӏовгӏа йеш, чӏуг йетташ, аренга гӏерта чехка Яьсси.
Хьешийн берриг а тидам генадоццуш дехьа басахь салазаш хоьхкучу берашна тӏехь сецира. Церан салазаш цхьа