Ма халачу хенахь, ма жима йолуш хилира цунах Васалан хӏусамнана. Вовшашка балхам ца беш, нахана шайн дагара ца хоуьйтуш, текхира цаьршимма тӏеман шерийн халонаш, къоьлла а, мацалла а. Ӏожаллин а ницкъ ца кхечи цаьршиннан безам бен.
Сингаттам бу-кх дог охкуш. Дуьненан самукъа дӏадаьлла-кх Васалан. Къеналла а йу къайллаха тӏехьерчаш. Васалан шерашца дуьстича-м, хьалхе ду къанвала. Шовзткъе итт а ца кхаьчна хӏинца а. Амма стаг къанвийриг шераш хилла а ма ца ӏа. Дахарх а дозу дуккха а. Ткъа Васалан дахарехь дукха кӏезиг ду стаг хьаьгар волуш денош.
Кетӏа ваьллачу Васала урамца хьала-охьа бӏаьрг туьйхира. Мича гӏо-те иза? Ӏелин хӏусамехь а, шен доттагӏ Мӏаьчиг волчохь а жимма садекъало цуьнан. Дукха воьду цаьрга. Ша кӏордорна а кхоьру.
Керта уллохь лаьттачу боккха кӏайчу тӏулга тӏе охьахиира Васал. Кхузахь дика йало ойланаш. Гӏовталан кисанара тиша, модаша йуьзна кисет схьа а йаьккхина, луьйдигах гӏели хьарчийра цо. Тӏаккха, цӏетуханца кӏожам латийна, гӏели а латийна, боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна, ойланашка велира. Ши бӏаьрг духьал лаьттачу лекхачу гӏаргӏанний, бурсанечу хьорматний тӏебоьгӏна белахь а, цунна кхин гора. Генарчу къилбаседера къорзачу акхтаргийн боьлакаш, суланан аренаш, сийна хьаннаш, сирла хиш а…
Васале тӏекереш йеш, уллохула тӏехбуьйлура гихь дечиг йа кӏудалш йолуш зударий. Цкъацкъа, берзина когаш ченала а бетташ, бераш тӏехлелхара.
Васала ла ма-деггӏара, веана Мӏаьчиг, салам делла, улло охьахиира. Вист ца хуьлуш, меллаша Васалан кисана куьг дахийтина, кисет схьа а эцна, шена гӏели хьарчийна, йуханехьа чуйиллира цо. Тӏаккха, Васалан гӏелица шениг а латийна, боккха баьккхина кӏур чутуьйхира.
– Берса веана, – элира цо, мераӏуьргаш чухула кӏур ара а хоьцуш.
– Маца?
– Сийсара.
– Мичахь ву иза?
– ӏелагӏаьргахь.
– Керла хӏун дуьйцу?
Хӏун дара а, хаац, Гати-Юьрта деана керла хабар Мӏаьчигна хаьара уггар хьалха.
– Йуьртана гӏуда тоха ойла йу ӏедалан.
– Хӏун динчунна?
– Яьсси тӏерачу гӏалгӏазкхийн говраш йигна.
– Лар кхуза йалийна?
– Хӏаъ. Вайн эвла йисттехь йайна иза. Мила ву-те уьш йалийнарг?
Васала ойла йира. Хӏокху агӏорхьара берриг къуй уьйзира цо. Тӏаккха корта ластийра.