– Собардел ахь, дика стаг, – курра велавелира Яшка. – Валар гӏоле хеттачу ваьккхира хьуна ас иза. Тӏаккха Бездна вахара со, сайн зуда а эцна. Ас дагалаьцнарг чекхдаьлча, вада атта дара цигара. Амма кхузахь а ӏоттавелира со доьхначу хьола тӏе. Йурт дӏалаьцна лаьтташ салтий бара. Ткъа цигара муьжгий, тхайниш санна, кӏилло ца хиллера. Антошкин цӏенна гонаха гулделла адам. Керт а, урам, тхевнаш а, дитташ а дуьзна. Масех эзар стаг. Инарла Апраксин ша а веанера кхуза. Цо а, эпсарша а адамашка дехарш дора, Антошка шайга схьа а лой, шайн-шайн цӏа гӏо бохуш. Ткъа наха йаппаршца жоп лора церан дехаршна. Тӏаккха, мозгӏар а кхайкхина, иза маслаӏатна йукъаваьккхира. Мичара! Ладугӏий хьуна. «Шу шайн-шайн цӏа дӏаса ца гӏахь, салташа тоьпаш тухур йу шуна, – кхерам туьйсура мозгӏаро. – Хаза керста динехь дала мукъане а кечло». Яппарш йеш, вен кхерамаш туьйсуш, эккхийра мозгӏар а. «Паччахьо даьккхина бакъ закон шайга схьало, – бохура адамаша. – Тхо паччахьехьа ду». Адам къар ца лой хиъча, царна тӏе тоьпаш тохийта аьлла, омра дира инарло. Тоьпаш йевлча, тобанна йуккъера масех стаг охьавуьйжира. Цкъа тоьпаш а йассайой, тӏаккха а адамаш машаре кхойкхура инарлас, Антошка шайн кара а лой, дӏасадекъало бохуш. Наха, йаппарш йеш, дуьхьало йора. Йуха а тоьпаш тухура. Тӏаккха а барте кхойкхура. Масех бӏе стаг велла охьавоьжча, кхерабелира нах. Бовда меттиг йерш, йуьстаха берш, бевдира, йуккъехь белхаран маьхьарий девлира, «оха дӏало, оха дӏало!» бохуш. Антошка ма ву хӏара дӏалург. Йетта тоьпаш, хьоькху маьхьарий, ӏена цӏий. Дӏасабовда меттиг йоцуш, хи чу а лелхаш, оцу шийлачу хих неканца дехьабуьйлура. Йуьртахь тоьпаш йийла йоьлча, цӏа хьаьлхира наха хьалххе хьуьнха бигна дӏаловчкъийна зударий, бераш. Майданахь ӏохку декъий гича, цара хьаькхначу цӏогӏанаша дуьне ӏадий-кх хьуна. Эххар а, шен цӏа чуьра аравелира Антошка. Паччахьан грамота шен коьрта тӏе а диллина, инарлина тӏевогӏура иза, ткъа адам – цунна тӏаьхьа. Оцу дийнахь дуьххьара а, тӏаьххьара а гира суна иза: ткъе шийтта шо хенара, оза, жима, макхвелла. Доцца аьлча, вийна а, чевнаш хилла а кхоъ ах бӏе стаг майданахь а вуьсуш, дӏабирзира тхан