Лаьмнашна тӏехьа лаьмнаш ду,
Мархашла хьаьрчина,
Балано ӏаьвдина,
Довха цӏий хуьйдина.
Вайн къинхетамо дӏадаьккхина
Мисканийн долахь мел хилларг,
Маршонах хадийна,
Экха санна, хьийзабо.
Т. Г. Шевченко. «Кавказ»
Шуьйрачу товханахь туьнкалгехула охьайаийтинчу стоммачу зӏенах кхозучу цӏестан йай кӏел лелхаш догура ножан декъа дечиг. Йай чохь бурош хьийзош кхехкара цӏен-къорза йаккхий кхоьш. Товханара йовха алу берте схьа а хьаькхна, царна тӏе чохь аьтта хох а, мохь а йолуш йалгӏу лецира Айзас.
Дукха хан йалале шен кхача кийча хилар хаийтира цо. Коьрас а, Къайсара а зӏена тӏера схьабаьккхина йай шелонга неӏаре хӏоттийра. Йай чу кхарзар а йоьттина, шинхьа горга дечиган шаннаш а хӏиттийна, царна чу йоккха цхьацца сискал йиллира Айзас. Тӏехиллачу Маккхала, бисмилла а аьлла, кегийра йуьхкаш йеш, йохийра сискалш. Шина а шуьн чу кхоьйх дуьзна доккха цхьацца бога а, дечиган ӏайгаш а дехкина, божаршка хӏума йаа, элира Айзас.
Баккхийниш а, кегийрхой а къаьст-къаьстина шуьн тӏе охьахевшира.
Ӏаьлбаг хьаша ву кхузахь. Зандакъана къилба-малхбалехьа Дагестанца дозанехь ломан когашкахь ӏуьллучу жимачу Симсарара веана. Цуьнан хӏинца а пхийтта шо а ца кхаьчна, амма хьаша лара веза, мел жима велахь а. Вежарий Аьрзу а, ӏела а йа Маккхал волчу а ца веана иза. Цуьнан шен доттагӏий бу кхузахь – Коьра а, Къайсар а. Дӏадаханчу шарахь ӏамо лаьмнашка бигча, цигахь тасаделла церан доттагӏалла.
Ӏаьлбаггӏеран доьзал йа къен а, йа хьалдолуш а бац. Йукъанеккъара бу. Олдаман йалх кӏантах йуккъера ву ӏаьлбаг. Лома дигначу берашна йуккъехь майраллиций, доьналлиций къаьстара и болатан басахь горга йуьхь йолу кӏант. Майра бере, тӏехдика иччархо. Тешаме, къинхетаме накъост. Бераш дӏакхаьчна масех де а далале, уггар а майрачара, кадечара, нуьцкъалчара, хьалхе дӏа а йелла, массеран а тхьамда вира цунах.
Массаьрца а йукъаметтигаш дика йара ӏаьлбаган, амма берашлахь Коьра а, Къайсар а къастийра цо. Цхьа гушдоцчу пхенаша хиттинера оцу кхааннан дегнаш. Буьйсанна, кӏадбелла накъостий набарна охьабийшича, уьш кхоъ ӏара ца вуьжуш. Ламанан буьрсачу хи йисте а хуий, дайн турпалчу хьуьнарех лаьцна хабарш дуьйцуш.
1. Боккха кхийра кад.