дагалоьцучун бӏаьрг болийла аьлла.
– Эрна витина, эрна, – корта лестабора штабс-капитано. – Ишта нах тӏаьхьа бале ма бовлу.
– Хӏан-хӏа, хьо гӏалатвуьйлу, капитан, – дуьхьало йира Муравьевс. – Бота санна хьекъале, майра нах пайдехь хуьлу тӏеман заманахь мостагӏчунна дуьхьал. Колонешкахь машаре заманахь а оьшу. Фельдмаршал, хьаха, вара хьекъале. Оцу дийнахь дуьйна Бота шена уллора дӏа ца ваьккхира цо. Нохчийчоь йохочу 1852-чу шарахь Бота шена уллохь ца хиллехь, вайн кхиамашка догдохуьйла йацар чӏагӏдора Барятинскийс. Доцца аьлча, оцу дийнахь дуьйна вайн инарлийн карахь дийна къилба, топографически карта дара Бота. Некъаш гойтуш иза хьалха ца хиллехь, къемата а кхачалун доцчу йукъаршка дуьгура цо вайн эскарш, зен-зулам ца хуьлуьйтуш.
– Цул сов, господин капитан, вайгахьа волуш цо шеца йалийра хьалха Шемална гӏуллакх деш хилла йерриг а разведкин аппарат, – тӏетуьйхира Головаченкос.
– Шш-ш! Чувогӏуш ву иза…
Оцу минотехь Хортӏа тӏаьхьа а волуш цӏа чу ваьллачу Ботас хаам бира, йуьртара берриг боьрша нах маьждиган майдана гулбелла лаьтта аьлла.
– Баркалла хьуна, господин майор, – элира Муравьевс. – Охьахаал, арадовлале, цхьацца кад дӏамала вай.
Капитан даррехь Боте хьежа хӏоьттира.
– Шемалан уггар толамечу шерашкахь хьо цуьнан аьтту куьг хилла лаьттина бохуш, хезна суна. Бакъдуй иза? – хаьттира цо.
Капитанан хаттарехь цавашар хетаделла Бота, корта курра агӏор а саттийна, буьрса цунна тӏевогӏавелира. Амма шена хетаделларг цуьнан бӏаьргаш чохь ца тосаделча, бос хийцира.
– Хӏаъ, иза айъинчех цхьаъ ву со а.
– Амма, господин майор, суна хазарехь, Шемал воккха полководец а, хьекъале баьчча а хилла. Ишттачу стеган ницкъ кхочур бара аьлла, хета суна, кхечара гӏо ца дича а, ша-шен лакхаваккха?
Ботас, вела а къежна, белшаш саттийра.
– Шемал хьекъале, майра, ӏелам а стаг вара. Амма, хьуна вуьйцу ма-хаззара, тӏеман стратег вацара. 1812-чу шарахь хиллачу тӏамехь оьрсийн эскарша баьхначу толамашкахь Александр Хьалхарчун мел дакъа хилла, хаьий хьуна? Изза вара-кх Шемал хӏокху ламанхоша вайна дуьхьал биначу тӏамехь.
– Со кхетац ахь аьллачух.
– Кху Нохчийчохь оьрсийн эскаршна тӏехь баьхначу