Нохчийчохь машар, низам хӏотто. Шо кхочуш доллу цо оцу гӏуллакх тӏехь куорта охку, амма новкъадаьлла хӏумма а дац. Цул хьалха хиллачу графан Евдокимовн а, эла Святополк-Мирскийн а санна, динарг хӏумма а доцуш, кхузара дӏаваха дезахь?
Цхьанаэшшара гӏулчаш йохуш, кабинет чухула волавелла лела Михаил Тариэлович. Бархӏ гӏулч дӏай, йухий. Букъа тӏехьа диллинчу шина куьйго чӏогӏа пӏелгаш ӏуьйду вовшийн. Ша кхуза схьахьажош тӏаьххьара а хиллачу цхьаьнакхетарехь императоран вашас, воккхачу эло, дина тӏедахкарш, косташ хӏинца а лерехь дека.
– Оха жоьжахатин цӏерга вохуьйту хьо, Михаил Тариэлович, – бохура Михаил Николаевича шалхо йоцуш, даггара. Амма оцу кӏедачу озаца хӏокхунна хезара цуьнан императоран сийлаллин болатан амал. – Хӏаъа ткъа, жоьжахати. Кхи цӏе йац Нохчийчоьнан. Цигарчу къомо кхечарел йеха а, буьрса а дуьхьало йина вайна. Кхи а йеххачу хенахь вай догъэтӏо ницкъ а ларбелла цунна. И къам къардан гӏерташ, вай маситта шарахь цига йинчу экспедицеша, харжаша, хӏаллакбинчу салташа а, баккъал аьлча, кӏезиг ӏаткъам бина иза вай ӏедална кӏел сацорна. Вай цига, уггар говза, майра полководцаш коьрте а хӏиттабой, эскарш дохуьйтура, ткъа нохчаша, Соьлжан тогӏерчуй, ломан когашкарчуй йуькъачу хьаннашка, чӏажашка къайла а бовлий, йуханехьа тӏелеташ, кӏуркӏамане хьийзадора. Цундела кхи тактика а, стратеги а хаьржира вай. Вешан оьрсийн исторически система – церан махка тӏе гӏалгӏазкхий ховшор.
– Хьан локхаллин пурбанца тӏетуху ас, – гӏиллакхе иза йукъахваьккхира Коьртачу штабан начальника Карцовс. – Маситта шарахь тӏом беш, цаьргара схьабаьккхина мохк йа тӏеман, йа политически ӏалашонашна цхьана а маьӏне бац. Хӏинцалерчу хьелашкахь уьш битахь, кестта боьрзур бац вай ӏедална кӏел.