хьох, цара сийсазво хьо а, хьан къам а, хьан Дела а, дин а…
Ткъа Варас сагӏадоьхур ду бохург хьехо а ца оьшу. Сагӏадехар доккха эхь лору нохчаша. Хӏинццалц схьа оцу халкъах цкъа а ца ваьлла сагӏина куьг кховдош стаг. Мацалла вала веза? Хӏан-хӏа, Варин ойла йац мацалла вала. Цо а, и санначара а тӏаьххьара некъ къастийна. Къола. Аренца бехачу хьолахойн шортта даьхний ду, шайн хьал нохчийн халкъ талош ӏаӏийна цара. И йамартхой, талорхой талор къилахь дац. Ткъа цхьаццаболчу молланашна къола дича-м, мела хила а мега. Шелахь цӏий ӏанош инарлина Тумановна гӏо дина нохчийн эпсарша а, масех моллано а. Цундела инарло царна мидалш а, латта а делла.
Доцца аьлча, нийсо йац цхьаннахьа а. Вара хӏинца тешац цхьаболчу молланех. Ӏедална товччу агӏор дӏасахьийзадо цара шариӏат. И гаурш Делан а, бусалба динан а мостагӏий бу, бохура цара иттех шо хьалха. Ткъа хӏинца керста паччахь а, цуьнан хьаькамаш а кхечу басар бина. Паччахь Дала хӏоттийна, иза а, цуьнан хьаькамаш а Делан лаамца лелаш бу, боху хӏинца. Царна муьтӏахь цахилларг, царна дуьхьалваьлларг жоьжахатин цӏергахь вогур ву, боху. Хьеначу кхачанах дуьзна гай а, ахчанах дуьзна киса а долчу моллина атта ду и дийца. Амма Вара оцу туьйранех ӏехавалийта хала ду. Цунна хиъна оцу хьолахоша аьшпаш буттий, хӏара Вара санна мискачу нехан уьш мостагӏий хилар.
Халкъан оцу цӏиймийлархойх бекхам оьцу хӏара нохчийн хьаннаш сийсош болчу обаргаша. Амма хӏокху цхьацца-шишшаммо къаьст-къаьстина латто къийсам а, хьаннашкахь дахар а гена гӏур дац. Акхарой санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь лечкъаш лелла бевр ма бац уьш. Тӏехула тӏе, Нохчмахкара схьа цуьнга тӏаьххьара ма хаийтина, нагахь и айхьа дӏакхоьхьу некъ ӏад ца битахь, айхьа биъна дуй ца ларбахь, шаьш хьуна тӏехь нийса хьукма дийр ду аьлла.
«Мел дийцича а, и баьччанаш сол хьекъале бу, – ойла йо Варас. – Къона велахь а, хӏокху Нохчийчохь уггар баккхийчу ӏеламчех цхьаъ ву Маккхал. Петарбухехь оьрсийн ӏилма а дешна, церан гӏиллакхаш девзаш стаг ву Берса а. Ший а догцӏена, оьзда ши къонах а ву. Халкъалахь сий а ду церан. Царах къаьстина, со мича гӏур вара?»
Чехкачу Органан аьтту агӏор берда тӏе хьала а ваьлла, Жимачу-Атагӏа бӏаьрг