Татарийн-монголийн ханашна а, Тимурна а къарбелла кӏел совца ца лууш, шина бӏе шарахь латтийначу къийсамехь инзаре даккхий зенаш деш, арен тӏера дӏа а баьхна, лаьмнийн чӏажашка боьхкинера нохчий. Амма, оцу лаьмнашкара охьа а буьйлуш, хаддаза тӏелеташ, оцу шина бӏе шарахь синтем хила ца битира цара мехкашдӏалецархой. Цаьргара дӏабаьккхинчу махка тӏе йоккхачу ханна дай хилла охьахевшира гӏалмакхойн султанаш, ногӏийн ханаш, дагестанхойн феодалаш а. Шайн ӏедал шордан, чӏагӏдан, вовшийн мехкаш дӏалеца гӏерташ, вовшашца луьра къийсам лаьттара царна йукъахь. Оцу къийсамехь татолашца цӏий ӏенара хӏуманна а бехке доцчу церан доларчу халкъийн. Массарначул а тӏех даккхий зенаш хуьлура царах массарех а бозуш болчу нохчашна. Оцу тӏемашкахь тоьллачийн цхьаьнгара кхечунна дола бовлуш, ӏазап тоькхура цара, цкъа а маршо ца хуьлуш. Тӏебаьхкинчу феодалашна дуьхьал церан гӏовттамаш а кхиамза чекхбовлура.
XVIII бӏе шо долалуш йаккхийчу пачхьалкхийн самге йирзира Кавказ. Кхузахь шайн олалла шордан а, чӏагӏдан а гӏертара Иран а, Турци а. Кхуза шайн мӏараш кховдийра малхбузехьарчу пачхьалкхаша, къаьсттина – Англис. Царах хӏоранна а лаьара хӏокху исбаьхьчу ӏаламан уггар а коьрта-стратегически мехкан да хила. Кхузара дӏа Месопотаме, Инде, кхидӏа Малхбале кхийсабала шатайпа аьттоне залк-мулк йара Кавказ.
XVIII бӏе шо долалуш, йукъ-кара цӏий ӏеночу тӏаме боьрзуш, политически а, дипломатически а къийсам болабелира Кавказна гонаха. Оцу пачхьалкхийн хьеран тӏулгашна йукъа нисделира кхузара халкъаш. Тӏеман гӏирсаца а, политически а, дипломатически а мекарлонашца а, феодалийн лакхенаш къаьмнашца цхьаьна эцарца а уьш шайгахьа даха гӏертара Иран а, Турци а.
Оцу ӏалашонца царал хӏумма а тӏаьхьа ца йисинера паччахьан Росси а. Къилбехьарчу хӏордашка йала ков доцуш лаьттачу цуьнан, Кавказ дӏалаьцча, аьтто нислора шина хӏордан да хила. Малхбузерчу паччахьаша санна, цо а сатуьйсура малхбалерчу хьолечу рынкашка.
Кавказехь шайн олалла хӏотторехьа йаккхийчу пачхьалкхаша латточу къийсамехь толам баккха аьттонаш алсам бара Россин.
1. Къуьйсучу хӏумане.
2. Трамплин.