Селхана шайн хӏусамаш а, даа рицкъа а, кертахь даьхний а, кхаш тӏехь кхуьуш йалташ долуш хилла доьзал, шолгӏачу дийнахь уьш цхьа а доцуш, йерзинчу стигал кӏел буьсура. Бахам хӏун дара. Оцу дийно дийнна доьзалш хӏаллакбора, ткъа йуккъера цхьаъ-шиъ ца хьош цхьа а доьзал ца буьтура.
Ма дукха догӏура иштта денош ӏай а, бӏаьста а, гурахь а, аьхка а. Дуьззинчу ткъа шарахь
Нохчийчоьнна тӏехь хаддаза лаьтташ ӏаьржа кӏур бара. Муьлххачу а буса, гӏеттина, гу лекха а ваьлла, дӏахьаьжча, маьӏ-маьӏӏехь гора, стигал йажа гӏерташ санна, хӏаваэхь, цкъа дахлуш, йуха сетташ, ловзу цӏерийн цӏен меттанаш.
Цкъа хьалха талораш дой, тӏаккха и къематде а хӏоттадой, шайн гӏаьпнашка йухадоьрзура паччахьан эскарш, ткъа, йаьгна, алу хилла лаьттачу йуьрта йухабирзина бахархой шайна миска хӏусамаш йогӏа хӏуьттура. Ӏаьнан шелах а, бӏаьстенан, гуьйренан йочанаш кӏел а.
Мӏаьчигна цкъа а ца дицлора ишттачех цхьа де. Гати-Юрт талийна, йагийна, бошмаш хедийна охьа а йехкина, кхаш тӏейаьлла отряд, хӏетта пхьаьрке баккха йоьлла хьаьжкӏаш хӏаллакйан йуьйлира. Салташа болх бора мангалшций, маьрсашций, таррашций, шаьлтанашций. Йуккъехула говраш хьийзош, отуш, охьадохкура сийна гӏодмаш. Мукъа ца ӏара эпсарш а. Мукъа ца ӏийра оцу дийнахь инарла а. Йуккъерчу дегӏахь, горга йуьхь, лекха хьаж, ӏаламат хаза дуькъа ӏаьржа мекхаш долуш волчу куьцечу къоначу инарлас, салташна хьалха а ваьлла, тур детташ цхьа доггах хьоькхура Мӏаьчиган ирзо тӏера хьаьжкӏаш. Салтийн дог-ойла гӏатто, сих-сиха цаьрга мохь а тухуш забарш кхуьйсуш. Кӏайчу йовлакхца наггахь хьаж тӏера хьацар дӏа а хьокхуш.
Мӏаьчигна ца хаьара цуьнан цӏе. Иза инарла барон Ипполит Александрович Вревский вара. Элан Александр Борисович Куракинан крепостной гаремехь къотӏалгӏа вина кӏант, ден доттагӏчо, австрийски императоро Франца ӏ-чо, баронан титул йелла.
Россерчу крепостной лоллина эхь кхайкхош, декабристех дог лозуш волчу бароно Вревскийс чим беш йагайора нохчийн йарташ, къиза хьоьшура империна чоьхьа, океанна йуккъехь жима гӏайре санна, кху лаьмнашкахь тӏаьххьара йисина маршо.
Цо, салташна хьалха а ваьлла, доггах хьоькхура Мӏаьчиган ирзон коржам тӏера сийна хьаьжкӏаш…