Ша деш хӏумма а доцуш цига хӏоьттина латта кӏордийна Мӏаьчиг, Андрейца
Коьра а витина, цӏа воьдуш накъост карорга догдохуш, вевзарг гойла хьажа, базар йукъа велира. Дохка даьхний далош а, цхьацца йийбарш йохьуш баьхкина а дукха нохчий бара цигахь. Дӏа мел хаьттинарг Теркйистера хуьлура. Масех стаг вара Гуьмсера а, Боргӏанера а, Устрада-Эвлара а. Амма царах цхьа а
Мӏаьчигна вевзаш вацара. Нохчмахкара стаг карорах дог а диллина, йухавирзина иза цӏеххьана тӏеӏоттавелира шина шелахочунна. Шиннах цхьаъ – Данчӏа – Мӏаьчигна вевзара. Цкъа-шозза Берсица цхьаьна Аьрзу волчу веана гинера цунна иза.
– Ассалам ӏалайкум! – генара велахь а, вевзарг карийна хазахетта, вахана Данчӏина маракхийтира Мӏаьчиг.
– Ва ӏалайкум салам! Делера маршалла хуьлда хьуна!
– Хьо лаа лелий, Данчӏа?
– Механа веана-кх.
– Хьо маца ваьлла севдгалла лело?
– Севдгалла! Хонкара кхалха кечамна араваьлла-кх.
– Ой, хьо-м вац хир ву цига кхелхаш?
– Уггар хьалха боьлхучаьрца.
Цецваьллачу Мӏаьчига дӏа ца хоьцура Данчӏин куьг.
– Ой, хьан доттагӏий Аьрзуй, Берсий, Маккхаллий туьран дитт хилла дуьхьалбевлла ма бу оцу кхалхарна?
Данчӏин догдика йуьхь кхоьлира. Цуьнан бӏаьргаш чохь боккха сингаттам гора Мӏаьчигна.
– Резаволуш ца воьду со, Мӏаьчиг.
– Тӏаккха?
– Тхан цӏийнан тхьамданаш бу цига кхелхаш. Ас дукха корта биттира цаьрга, цӏахь ӏе бохуш. Ладогӏац. Кунта-Хьаьжин вирдехь ма бу уьш. Шайн устаз цига вигна, цунна тӏаьхьадоьлху шаьш, боху. Царах а къаьстина, цӏахь муха ӏийр ву со? Сан лелар-м, дера, сан бертаза ма ду. Цаваьллачу денна, йиша-вешех ваьлла ца ӏен.
– Хӏаъ, дерриш дӏагӏор вай! – оьгӏазе вистхилира пхьарс боцу Данчӏин накъост. – Цигахь вайна цӏенош дина, бошмаш кхиийна, йалтех доьрчий дуьзна, вай дӏакхачаре хьуьйсуш, шун а хӏоттийна ӏаш бу туркой. Ӏовдал нохчий!
Данчӏас резавоцуш корта хьовзийра.
– Цхьаберш ӏехабелла кхелха, важаберш кхерабелла кхелха. Кхозлагӏниш тешна бу кхузахьчул цигахь шайн дахар дикахо хирг хиларх.
– Боьрша бац! – уллохь лаьтта нах цецбохуш, мохь хьаькхира ӏалхас. – Боьрша бац нах! Хӏара латта керстанна дӏа ца дала, леташ белла вайн дай! Хӏинца вай, цхьаммо когаш тоьхча, довда кечделла ӏа.