чагӏар мелча», – ойла йора цо.
– Валохьа, Данчӏа, гӏо вайша, – элира цо, Данчӏега дуьхьало ца йайта, шаьшшинан говраш а човхош. – Хьошалгӏа кхойкхуш хилча, хӏан-хӏа бахар гӏиллакхехь ма дац. Цхьана сохьтана вайша тӏаьхьависарх, галдала хӏумма а дац.
Хьеший шен кабинет чу бигира Беллика. Довхачу цӏа чу а ваьлла охьахиъначу ӏалхин дог-ойла гӏеттира. Пенах кхозучу дерриг дегӏаца доккха диллинчу императоран Александр ӏӏ-чун суьрте а хьоьжуш, чехкка дуург-мерг чударе сатуьйсуш ӏара иза.
– Иза хьенан сурт ду, хаьий шуна? – хаьттира полковнико, шен хьаша цуьнга леррина хьоьжуш а гина.
– Дера, хаьа. Цо хаийтина тхуна, ша мила ву, – сихха жоп делира ӏалхас. – ӏалелай, цуьнан дукха мидалш! Уьш хӏун динчунна йелла цунна?
– Россис мостагӏашна тӏехь боху толамаш цо бохуш ма бу. Иза-м вайн массеран а да вай.
– Дера, ву дика да! – цавешаш муцӏар саттийра ӏалхас. – Цо а, цуьнан дайша а тхан халкъан ӏенийна цӏий, тхоьга хӏоттийна балий бицлур бац тхуна цкъа а. Хӏинца а цуьнан мидалшка хьоьжуш, хетало, царна тӏера цӏий ледаш санна, уьш адамийн кортойх йича санна. Дукха адамаш дайъаран билгало йу-кх мидал? И жаӏар маса стаг вийча йелла хьуна? – хаьттира цо Беллике.
– Со паччахьан лай ву, ӏалха. Цо аьлларг дар сан декхар ду. Ткъа цо дӏакхоьхьург Дала шена гайттина некъ бу. Хьан мидалш йац, амма ахь асчул дукха дайъина адамаш.
– Адамаш дайъа, хьо санна, цхьаннахьа а ца вахана со. Ас байъинарш-м сой, сан доьзаллий хӏаллакбан, соьгара маршо дӏайаккха, сан махка, сан цӏа чу гӏертарш бай. Ткъа аш хӏун леладо, суна хаац. Тхо а, шайн муьжгий а вовшахлоьтуьйтуш, хӏаллакде, уьш а, тхо а ӏазапехь дахкаде, боху цуьнга Дала? – суьртехьа корта тесира ӏалхас.
Даар-малар чохь шун карахь цӏа чу йалхо ваьлча, дагна там хилира ӏалхина.
– И шайн аьрха амалш а йитина, вон а ца лелаш ӏахь, хир дац шу хӏаллак. Шу шаьш ду бехке. Шун лулахойн гӏебартойн, хӏирийн, гӏумкийн, гуьржийн, шун вежарийн гӏалгӏайн цӏий ма ца ӏаний? Гой хьуна, аш карзахбехи тхуна къарбелла кӏелсевцна дагестанхой а. Ткъа тхан муьжгийн дахар а дац ахь ма-дуьйццу вон а. Царна маршо йеллийла ца хаьа шуна? Цул, уьш а дитий, вешан кад дӏамалий вай! Шаьш Турце кхелха, бах аш? Хӏан, дӏаэцал