Сайн лаамехь йахара
Цу пана махка,
Тилайелла лийлира,
Дакъазайаьлла…
Зударийн эшар
Йуьртахь уггар таро йолчу нахахь цхьаъ волчу Шахьбин долахь тӏе оьрсийн гериг йиллина, тховх хьала уй тоьхна, корашка ангали диллина, лекха пурхе долуш даккхий цӏенош дара. Божалахь шиъ гомаш йара, йалтех дуьзна даккхий доьрчий лаьттара раздевлла, хаьн тӏе гӏортораш хӏиттийна. Йоккха ши бугӏа а, маситта уьстагӏ а бара. Ша дӏа куьг ца тухуш, нахе йукъахь йа йолах лецначу суьйлашка лелабойтуш масех урд мохк а бара цуьнан.
Ларми чохь кӏовделла лаьтташ масех гиба даьтта а, дукъделла, шекар хилла лаьтташ масех гуьмалк моз а хуьлура. Васхалахь кхозура дакъийна жижигаш, йоьхьаш, цӏийделла дуьмеш. Цуьнан ахча – кехатниг матардоьлла, детиниг – ӏаржделла, олура наха. Бахам, де дийне мел дели, стамлора. Хӏун дара а хаац, ирс тӏехьажаделира цунна. Иза цунна тӏедогӏура, нахе вон деъча а, дика деъча а. Бес-бесарчу басаршца бустамаш дохуш кечдина, тӏехула кӏайн эчиг лаьцна, ши догӏа тухуш долу доккха тӏорказ дуьззина духар дара цуьнан цо лийчийначу беллачу нахах дисина, цунна сагӏина делла. Дӏа ойла йича, цунна оьшуш хӏума дацара, цхьа Делан ун доцург. Хӏетте а реза вацара иза шен кхолламна. Дахарна сутара иза кхоьрура, йа цӏе йаьлла, йа тӏамо хӏаллакдина, йа шена бу моьттучу шен дуккха а мостагӏаша талийна, и бахам цхьана дийнахь хӏаллак а хилла, ша, нах санна, верзина висарна. Хӏара керла ӏедал ша санначу стеган доладан кийча делахь а, цунах ца тешара иза. Тешар-м хӏунда хьехадора, и оьрсий а, церан ӏедал а бӏаьрга ган ца дезара цунна.
Шахьби фанатик вара шен тӏамарца. Дуьнен чохь цхьа а ницкъ бацара иза ша дешначу Къуръанан, жайнийн хьехамех шекваккха. Керстанаша махках ваьккхина пайхамар. Керстанашца къуьйсуш, хӏара дуьне дитина цо а, цуьнан асхьабаша а. Керстанашна дуьхьал гӏазот кхайкхош, кху харц дуьненара дӏавахана Ташу-Хьаьжа а, цара лаьцна вигна Кунта-Хьаьжа а. Керстанаша вийна Шахьбин воккхахволу ши кӏант а. И де Шахьбина тӏехӏуттур дацарна йукъара хила ваьхьар волуш стаг вуй ткъа? Эз-эзар шарахь вахарх, керстанашца машар хир бац цуьнан. Цара, шайн паччахь вина, и дӏахӏоттийча а.