«Кавказехь бечу тӏамехь вай дӏакхоьхьучу
некъашна дуьхьал хӏинццалц гӏеттинарг со
дуьххьарлерниг а, цхьаъ а ву. Цундела хӏара
край йита дийзи сан. Кавказехь вай дечу
гӏуллакхаша дагабохкуьйту испанцаша Америка
дӏалоцуш йуьхьанца хилла берриг а бохамаш,
амма кхузахь суна гац и дӏалоцуш Писаррон,
Кортесан хилла кхиамаш а, турпала хьуьнарш а.
Оцу мехкашдӏалецархоша испански истори тӏехь
йитинчух тера цӏийн лар ма йуьтуьйтийла Дала
Кавказ дӏалацаро оьрсийн истори тӏехь».
Инарла Н. Н. Раевский
Нохчмахка.
Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу Кавказан къизачу тӏеман историна йукъайахана иза «Ичкери» хилла.
Мансур коьртехь волуш хилла антиколониальни болам чекхбаьлча, цуьнан меттиг дӏа а лаьцна, нохчий, гондӏара халкъашший цхьаьна а тоьхна, паччахьан Россина дуьхьало йан гӏоьртинчу Таймин Бийболатан коьрта гӏортор а кхузахь йара.
Гӏеза-Махьмин заманахь кхузахула цӏарций, туьрций дуьххьара чекхваьлла инарла барон Розен ӏ-ниг.
Шемалан имамаллин хьалхарчу шерашкахь цунах дӏакхеттарг а йара Нохчмахка. Ахульгохь вохийна, Дагестано дӏатесна, цигара ведда Шемал, ма-ваггӏара веана кхуза, Бена, хьошалгӏа иккхира. Кхузара бара цуьнан гӏарабевллачех цхьаболу наибаш – цӏонтаройн Шоӏип, Даьргӏара Жовтха, Веданара Эдал, бенойн Бойсагӏар, аьккхийн Гӏойтамар, Уллуби, курчалойн Ботукъа, Соӏду, нойбоьрахойн Эски.
Кхузахь 1842-чу шарахь цхьана дийнахь хӏаллакьхилира инарла Граббен эзар ворхӏ бӏе салти. Цул тӏаьхьа кхо шо даьлча, кхузахь хӏаллакьхилира «Сухарни экспедици» аьлла историна йукъайахана эла Воронцовн поход а. Цул тӏаьхьа догӏучу пхийтта шарахь оьрсийн салтичо ког ца биллира цига, Шемал йийсаре воьду шо кхаччалц.
Хӏара йара, паччахьан эскарша Нохчийчоь дӏалаьцча а, къар ца луш, дуьхьало йийриг. Хӏара Бена йара Бойсагӏар коьртехь хиллачу гӏаттаман центр.
Кхузара дӏаболабелира цул тӏаьхьа шийтта шо даьлча хилла Россехь тӏаьххьара а боккха ахархойн болам – симсархойн ӏаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хилла гӏаттам а.
Кху Бенахь йара тахана кечбечу керлачу гӏаттаман къайлаха центр.
Яьссиний, Ямсуний йуккъехула охьадолчу дукъах малхбузехьа