– Ткъа хӏун де вай? – хьалаиккхира векъана веха харачойн Тоза. Берсина тӏекхета санна, ши куьг хаьн тӏе а хӏоттийна, массо пха а буьйсина, лаг дахдина, хьалха а кхевдина: – И дан а, важа дан а мегаш ца хилча, вай стенна гулделла кхуза? Лахь – лийр ду-кх. Дала гӏо дийр ду вайн! Кханнехь орца ала деза массо маьӏӏе! Котам хилла вехачул, нӏаьна а хилла валар гӏоли йу!
– Тоза, хьо сих ма лолахь, – сацийра иза Маккхала. – Дала гӏо дийр ду аьлла, стохка ӏай Шелахь паччахьан эскаршна чухьаьлхинчарна хилларг сиха дицделла хьуна. Ахь оцу шайн агӏор нахалахь беш болу кхайкхамаш хезаш, хьуна резадоцуш ӏа тхо. Царах зулам дер ду нахана.
– Хьо хӏун ала гӏерта? – шаьлтанан макъарна тӏе ка а диллина, Маккхална тӏевирзира Тоза.
– Сих ма ло, ала гӏертара со-м. Сихо дика йац. Деш дерг, вовшех дага а девлла, дан деза.
– Маккхал бакълоь, Тоза. Охьахаал. Кхин вуй ала лууш? Вай хӏун дича бакъахьа хета шуна? – хаьттира Солтамурда, шен ирачу хьажарца Тоза охьа а лахвина.
– Со охьа-м хуур ву, амма со бакъ-м лоь! – ша волччуьра схьалоьра Тоза. – Хонкара кхелха нах совцалур бац бохург дош ду ткъа? Царна хьалхаваьлла воьду Алхазан Муса а, ӏуспанан Сайдулла а, ӏалгӏуло а, Боташ а, Хьаьдас а, Жанарӏели а – и цхьа масех стаг вийчахьана, цӏахь бисиний бац уьш? Халкъ гӏазотана гӏатто деза! Гӏазот! – мохь хьоькхура цо, цӏеххьана шовкъе хилла.
– Ахь хӏун олу, Болатха, хьо вистхуьлуш ма вац? – шена уллорчу Болатханна тӏевирзира Солтамурд.
Шен карара суьлхьанаш кӏоргге гӏовталан кисана а таӏийна, доцца доӏа а дина, кӏайн йеха маж буйнах йаьккхина, нахана тӏевирзира иза.
– Хӏор а денна, лоьцуш, Сибрех хьийсабо вайнах. Цига ваханарг йуха ца вогӏу. Мацалла а леш ду вай. Дено-дено оьшуш, кхачалуш лаьтта вай. Кӏезиг мел диси, ницкъ алсам бийр бу вайна. Хьанна хаьа, вайн лулара хӏирий а, дӏо хӏуьнехдинчуьра гӏезалой а санна, керста дине дерзо а мега. Латта а, маршо а дӏайаьккхина вайгара. Хӏинца Делах а довларна кхоьру со. Йа дерриш кхелхина Хонкара дӏадаха деза, йа гӏазотана гӏовтта деза. Шиннах цхьаъ. Кхин некъ бац.
Кунта-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ вара Болатха.