айъинчохь герз буйнахь гӏийлачийн магӏаре хӏуьттуш?»
Махо шок йеттара лерехь. Молханан кӏуьро бӏаьргаш ӏийжабора. Лергаш къардора йуьйлучу тоьпаша, вовшехдеттачу болато, хьоькхучу маьхьарша, дечу узарша. Берсина хьалхарниш хӏинцале а лета боьллера. Хӏара хӏинца а тӏе ца кхаьчнера. Амма шера гора нохчийн къоьжа а, къона а, амма оьгӏазе, майра, ӏадийна а йаххьаш.
«Дуьненан даьхний лаха, чинашкахь хьалабовла баьхкинера ткъа паччахьийн къизачу туьра кӏел цӏий ӏеночу Венгрина гӏоьнна баьхкина полякаш, итальянцаш, австрийцаш, французаш, чехаш, сербаш?.. Горлера, венски студенташ, йаӏ! Ма дера лийтира уьш цигахь шайн императоран эскаршна дуьхьал. Ма безачу мехах дӏаделира цара шайн дахар! Цара массара а маршонан, нийсонан дуьхьа шайн дахар дӏаделла, кхечу мехкашка а бахана, ткъа со…»
Оццу минотехь цунна гира шена хьалха волчу полковнико тур тоьхна воккхачу стеган сира корта дегӏах къастош…
– Нохчий! Со шун ваша ву, со шуьгахьа волу! – мохь белира кхидӏа са ца тохаделлачу Берсин…
«Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса…», – декара цуьнан лерехь Данчӏин дешнаш.
Да-нана. Ма доккха, дагна гергара дешнаш ду уьш! Къаьсттина сий деш лоьру уьш нохчочо. Мел оьздангалла йайначу, мел акха дог кийрахь долуш кхуьучу кӏанта а сий до шен де-ненан. Цо и шиъ цкъа а дӏа ца тосу, дицдац, ша мел боккхачу бале вожарх, адаме цалайаллал йоккхачу халонга нисваларх. Берийн бераш а долуш, сирвелла воккха стаг хилла ша дӏахӏоьттича, тӏаккха а, шен дена-нанна хьалха нисвелча, хӏинцца пхи шо кхаьчна бер санна хуьлу иза. Цаьршиннан дош цунна Дала аьлларг ду. Иштта ду дайшкара схьадогӏу цуьнан халкъан гӏиллакх. Хӏинццалц схьа ваьлла вац и дохош кӏант. Амма Берсас дохийна иза. Кху тӏаьххьарчу ткъе пхеа шарахь пхоьазза а ца гина цунна шен да. Йа хӏумма а иза гаре са а ца туьйсу цо. Иза къехка шен дех, цуьнан хьолах. Лаац цуьнан цӏе йоккхуш хаза а.