дира иза шегахьа ваккха гӏерташ, амма гӏуллакх ца хилира.
Сулиман-моллица шен хиллачу къайлахчу дийцарийн жамӏах лаьцна инарла-адъютанте эле Воронцовга йаздира инарла-лейтенанта Лабинцевс: «Хьалха ас хьан сийлалле ма-йаздарра, вайн аванпостехь тхойшиннан хиллачу дуьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь Сулейман-Эфендис соьга элира, Шемала дӏакхоьхьу некъ а, цуьнан ӏедал а Къуръанний, шарӏаний нийсса дуьхьал бу, цундела шен бакъо йац иза къобалван а, цунна гӏо дан а. Шаьшшиннан йукъаметтигаш галйевлла, ша цунах дӏакъаста герга ву. Иштта шаьш цунна резадацар шега хаийтина шен доттагӏаша Шемалан герггарчу ӏеламчаша Джемал-Эддина а, Гӏазгӏумкан къедано Мохьмада а. Нагахь вайн правительствос Макка дӏадаха шайна бакъо лахь, аьтто а бахь, шаьш Шемал дӏа а тосур ву, цо шарӏаний, Къуръанний дуьхьал лело гӏуллакхаш ӏорадахарца халкъа йуккъехь цуьнан сий а дожор ду.
Амма дӏабаханчу беттан 22-чу дийнахь буьйсанна ши сахьт долуш тхойшиннан шозлагӏа хиллачу цхьаьнакхетарехь Джемал-Эддинах а, Мохьмадах а лаьцна сецна дош ца элира Сулейман-Эфендис. Шена и шиъ ганза дукха хан йу, цаьршиннан дагахь дерг хӏун ду хаац шена, бохура. Шех дерг а шина даггахь дерзийра. Шена-м, дера, Макка дӏаваха ма лаьара, амма цига воьдучу даьлча, ша вайгахьа вала веза, ткъа иза кху некъехь шен дан йиш йац. Дийцарехь, Шемала цунна тӏе доккха жоьпаллин гӏуллакх диллина. И чекх ца доккхуш, дӏавахча, цо а, наха а ша веддарг, кӏилло, йамартхо лорур ву, бохура. Тӏаккха ас хаьттира, хӏетталц нохчех а, Шемалх а лаьцна вайна къайлаха хаамаш бала резахир варий хьо аьлла. Сулейман-Эфендис иза аьттехьа а ца дитира. Ша цкъа а айкх, йамартхо хилла вац, хила ойла а йац, элира цо. Ша Шемалца ийгӏина воьду Макка, ткъа шен халкъаца, даймахкаца галваьлла ваха ца гӏерта, амма, хьаьнцца ийгӏича а, шен йамарт хила йиш йац, элира цо…»
Сулиман-молла а, Мохьмад а имамна дуьхьалбовларх цецволийла а йацара. Уьш-м кхечу къомах нах бара.
Тамашийна дерг кхин дара. Тӏарикъатан вирдан бухбиллархойх цхьаъ волу Шемалан стунда Джемал-Эддин а ваьллера шен невцана дуьхьал.
– Ас дукхе-дукха чӏогӏа дихкинера хьуна оьрсашна дуьхьал герз айъар, – бохура цо