– Бехк ма биллалахь суна, – шена тӏекхозаделлачу бӏаьлланган гаьн бухь а кагбина, цунна тӏера схьайохуш, буьйда чӏенгаш йуьстахкхуьйсура Аьрзус. – ӏела волчу вогӏуш, ламаз дан дагахь, схьавирзира со. Ахь хьайн гӏуллакх де, со кхечахьа волу.
Йежаш лаьттачу говран йуххера урх лаьцна, Эсетна уллохула тӏехвелира иза.
– Аьрзу! Ма гӏохьа! – ӏадийча санна, мохь белира цунна тӏехьа.
Саца а сецна, йухахьаьжира Аьрзу. Эсет, корта охьа а бахийтина, йист ца хуьлуш сецира.
– Жимма собар дехьа…, – халла къаьсташ ши дош делира цуьнан багах.
– Цхьанна кхузахь вайша цхьаьна гича, муха хир ду-те, Эсет? – хаьттира Аьрзус, воьхна дӏаса а хьаьжна. Цкъа а кхерам хӏун йу ца хиъна майрачу тӏемалочун дахчаделла дог, тахана оцу къоначу зудчуьнца цхьа висча, кӏилло тохаделира.
– Аьрзу, сан майра аьрзу, суна-м тахана тӏаьххьара гой хьо…
Хала дара Аьрзуна йезачу йоӏах къаста. Шен коьртан чоьш Эсет маре йаханчу буса къежделла хетара цунна. Оцу шарахь йуьртахь ца сацалуш, шен ницкъ ма-кхоччу цунна генахь дагна хилла чов йерзо гӏерташ, нехан йарташкахула волавелла лелаш хан йаьккхира цо. Хено и чов йерзийра, амма – даг тӏехь ирча мо а буьтуш. Оцу пхеа шарахь цкъа а Эсете вист ца хиллера иза, цуьнан эсала аз ца хезнера цунна. Аьрзус масех шарахь садетташ хала баьккхина толам херцош, йуха а меттахъхьайра безам, цунна хаа а хууш ов деттара хӏетта йирзинчу деган чевнна. Моьттура, Эсетан бӏаьргех оьхучу сирлачу, дуьрачу хиша ӏийжайора и чов.
– Уьш ма дийца, Эсет. Уьш дӏадевлла. Хьо нехан зуда йу…
– Хьуна ца хаьа со цуьнга муха йахана! – мохь белира Эсетан. – Ас и ца динехь, тхан доьзал мацалла белла хир бара…
– Цундела ас бехк ма ца буьллу хьуна. Цхьаъ дакъазвоккхуш бен ца хуьлу кхечунна ирс. Амма шайн доьзалера хьал соьга цахаийтарна, бехке йу хьо. Сайн ницкъ кхочу гӏо дийр дара ас а.
– Хьайн дегӏал сов хӏумма а доцчу ахь муха дийр дара тхуна гӏо? – бӏаьрхиша цӏийбина шен боккха ши бӏаьрг Аьрзуна тӏебуьйгӏира Эсета. –
Тӏехула тӏе, Бойсагӏарна тӏаьхьахӏоьттина лелара хьо… Ас цайаьллачу денна дира иза… Ас хьегна ӏазап хьайна хаахьара, ма дуьйцур дацара ахь. Цавеза майра, диллина хьоьга туьйсу са… Шолгӏачу дийнахь хьо гаре