Оьгӏазе шок йетташ, къилбаседехьара схьахьекхна шийла мох эцна дӏадахара ӏа. Дешна, хи а хилла дӏаделира лаьмнашца ӏиллина ло. Хӏор а шарахь шаьш ӏеминчу кӏоргийчу хершнашкахула, шайна хьалха нисйелла хӏуманаш текхош, шерачу ара хьаьлхира ӏоврийн татолаш. Шийлачу, безачу мохьах паргӏатдаьлла ӏалам, сийна духар духуш, кечделла дӏахӏоьттира.
Бӏаьстенан бовхачу малха кӏел мелачу махо тулгӏенашца техкайора сийначу дитташий, бес-бесарчу зезагаший къарзйина раьгӏнаш. Мотталора, самадевлла зезагаш, шайн дӏасатехкарца, вовшашка кортош лестош, вовшийн хьоьстуш, къамеле девлла. Оцу хазачу ӏаламе хьажа, цунах марзо эца гӏерташ санна, гобаьккхина дашо зӏаьнарш а йаржийна хьоьжу малх эсала белакъежара. И исбаьхьа ӏалам, и хаза бӏаьсте декъалйеш, цуьнга маршалла хоьттуш санна, шабарш деш, эшарш лоькхуш, шакарш йетташ, хьаннашкахь декачу олхазарийн аьзнаша дуьзнера ламанан цӏена хӏаваъ.
Массо хӏума самадоккхуш, безамах дузуш, оцу хазачу ӏаламца ӏехош йеана бӏаьсте ӏелин дагах ца кхеттера. Гуьйренан дохк санна, кхоьлина, ӏаьнан мархашла хьарчийча санна, шийла, гӏайгӏане дара иза. Массаьрга а ирс, безам кхийдочу оцу самукъанечу ӏаламо цуьнан даг чу сингаттам, къаьхьа бала буьттура.
Шуьйра гаьннаш даржийна лаьттачу зоьрталчу попа кӏел хиъна ӏара иза. Цуьнан андийчу орамашна йуккъехула схьакхийсалора, ша санна, шийла, сирла шовда. Акхароша бехдарх ӏалашдан, цхьаннан мелечу куьйгаша гонаха керт а йина, хьокханна тӏе кхийра зока оьллина. Нийсса ткъе дейтта шо хьалха кхузахь, хӏокху попа кӏел, ваьлла иза ненан кийрара. Кхузара дӏадоладелла цуьнан декъазчу дахаран хьалхара де. Ма-дарра аьлча, цуьнан дахаран ах денош хьуьнхахь дӏаихна.
Ткъе дейтта шо хьалха Гати-Юьртахь, хӏинца цуьнан цӏенош долчу меттиг тӏехь, тӏе латта тесна тхов а болуш хиллачу кегийчу цӏенойн мискачу хӏусамашкахь машаре бехара цуьнан ден Абубакаран бертахь жима доьзал.
Амма хӏетахь дуьнена валазчу ӏелина ца доьгӏнера шен да а йа иза чохь ваьхна цӏенош а ган.
Ӏаьржа ӏожалла йохьуш, йарташ сийначу цӏарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин баронан Розенан йаккхийчу тоьпийн татанаша цхьана дийнахь дохийра сийначу