Вайна сийлахь ду вешан да-нана, сийлахь
ду бераш, йиша-ваша, гергарниш;
амма оцу массаьрга а болу безам деккъачу
цхьана дашна тӏегулло вайн – «Даймохк».
Шен ӏожаллица цунна ша пайда лур буйла
хиъча, валаран ойла йина соцур варий ткъа муьлхха
а оьзда стаг?
Цицерон
Хьалха а, тӏехьа а цӏена доьрчий а дехкина, пхонан стаммийчу серех хӏазарш деш йалкханаш а къуьйлуш, тӏе тиша-киша истангаш тоьхна тхов биллина, сал-палах йоьттина ворда лаьттара Мӏаьчиган кертахь.
Хьалхарчу буса Коьрас бажо бигна бузийна ши сту, доккхуш нох доцуш, бетах чопаш охкийна, кортош агӏор а хьийзош, гӏийла хьоьжура, баккхийниш ундечга тӏе а хевшина, къонаниш тӏе а хӏиттина, учахь лаьттачу зударшка.
Божарша ворда йуттуш, цӏа чуьра декъий арадохуш санна, бӏаьргашна тӏеузуш, чӏенга кӏел теӏош коьрта техкинчу корталийн тӏемгаш бӏаьргех а хьоькхуш, тийнера уьш.
Цӏеххьана охьа чохь, маьждиган майданахь, мел вахчавеллачу къонахчун а дог кӏаддийр долуш зударийн белхар а, маьхьарий а девлира. Иштта къаьхьа белхар ца хезнера Коьрина, тӏамехь байъинчу нехан цӏа деана декъий оцу майдана охьадехкича а.
Тӏаьххьара дисина текх-цаца а, горга дечган шун а, кӏуьрзаша буьзна цӏестан йай а мотт-гӏайбина тӏехула тӏейехкинчул тӏаьхьа, шайн долу-доцу барзакъ тӏе а оьзна, шайга тӏеховша аларе хьуьйсуш, ворданна уллохь лаьттачу жимачу кхаа берана тӏевирзира Мӏаьчиг:
– Же, дӏатӏеховшал хӏинца!
Шен хьаьрса цӏоцкъамаш а дусийна, хьажа йуккъе шад гулбина уллохь лаьттачу Васала, цхьацца оьцуш, вордана ховшийра бераш. Гушбоцчу бохамах дог кхиъначу жимахволчу кӏентан велхар иккхира.
Учахь лаьтта зударий меллаша кетӏа бевлира.
Дассаделлачу цӏенойн дерзинчу пенашка тӏаьххьара бӏаьрг а тоьхна, билхина ши бӏаьрг а цӏийбина, кийрара арагӏерта къаьхьа мохь шен ницкъ ма-кхоччу сацо гӏерташ, кӏаййелла, докъан баса а йахана, арайелира Зазу.
– Йаьллий хьо, зуда? – кхайкхира цуьнга Мӏаьчиг.
Йист ца хуьлуш корта а таӏийна, шаьш новкъа даха баьхкинчу зударех уггар къеначу Кебиратна маракхийтира Зазу.
1. Пурхен богӏамашна бухахула пурх йиллина дечиг.