Ткъа мел дагна там беш а, догдохош а йара цхьаннан кертахь тандара чохь доттучу керлачу бепиган чоме хьожа! Уьш дерриг тахана гина, амма гучул цагар дуккха гӏоли йу. Керта а вахана, йеха эхь хетара Соипна. Нохчочунна эхь ма ду сагӏадехар. Ткъа хӏан, хӏара бепиг, хӏара кемсаш хьайн нанна хьо аьлла, цхьа а гучу ца велира. Иштта такха деза-те тӏедогӏу денош а? Жима велахь а, Соипа ша-м сатухур дара, ткъа йала йижинчу мецачу нанна хӏун дер хаац-кх…
Къаьхьачу ойланаша лаьцначу цунна хаа а ца ло, цициго санна, байн ког буьллуш, веана шена тӏехӏоьттина Болат. Цо муьшка йича, цӏеххьана саметтавогӏу Соип. Вист ца хуьлуш, цуьнан кара шен буй таӏабо Болата. Шен карахь довха буьртигаш хаало Соипна.
– Хӏара хӏун йу? – хотту цо доттагӏчуьнга.
– Мукх.
– Хьуна мичара баьлла?
– Мовлас беллера тхуна цхьа кад.
Бето куьг тӏеийзадо Соипан. Гергахь ижу хаайелла чуьйраш, хьерайевлча санна, къекъа. Цергех теза хиш долало. Амма Соипа цхьа буьртиг а ца кхоллу.
– Баахьа, Соип.
Соип вист ца хуьлу. Бӏаьргех гӏийла хиш леда. Цӏоцкъамаш дашадой, церан йуьхьигашна тӏехь гуллой, тӏадамашка а доьрзий, чуэгначу беснеш тӏехула охьахьолху уьш. Хӏаъ, дика доттагӏ ву цуьнан. Изий бен вац байлахь висинчу Соипах къахеташ, дог лозуш.
– Ахь хӏунда ца боу? – хоьтту Болата. – Йа кӏезиг хета хьуна? Сайна кхаьчначух ах беана ас…
Соипа шен озачу пхьаьрсашца маракъовлу доттагӏ.
– Хӏан-хӏа, Болат, – цуьнан йакъайелла белш шен ирачу некха тӏе теӏайо цо. – Хьайна битинехьара ахь… Нана йу чӏогӏа… Меца… Мацалло кӏелйитина…
Иза-м, дера, Болатна а ма хаьа. Амма гӏо дан ницкъ бац-кх. Вист ца хуьлуш вехха хиъна а ӏийна, дӏавахара Болат. Буьнан маьӏӏехула доттагӏчун букъ къайла ма-беллинехь, хьала а гӏеттина, мукх бадарна кхоьруш санна, буй къуьйлуш, буьн чу вахара Соип.
Буьнахь ӏаьржа йара, бӏаьрга ӏоьттина пӏелг гур боцуш. Ткъа Соипна бевза кху чуьра массо кӏаг, бог а, тховх охкайелла чамхалгаш, гӏаш а. Гуш санна хета ненан азйелла мокха йуьхь, буткъа мара, хьех чуэгна бӏаьргаш, сирделла гиччош, дакъаделла балдаш. Цо садоӏу а ца хезий, дог шелло кӏентан.
– Нана…, – кхойкху иза меллаша.
– Ахь хӏун бах, Соип? – халла хезаш йистхуьлу Жовхӏар.